Россехь Къоман гварди кхоьллина

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалдина Россин Федерацин Путин Владимира Къоман гварди кхоллар. Р.Кадыровс билгалдаккхарехь, республикехь йолчу лерринчу подразделенийн командирашца шен хиллачу къамелехь цара а цхьабосса къобалбина Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон структурехь беш болу хийцамаш.

Къоман гвардин командир хIоттийна эскаран инарла Золотов Виктор. Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, Золотов Виктор къоман гвардин командир хIоттор, иза эскаран инарла хилла ца Iаш, Даймехкан вуьззина патриот хилар а ду. Кадыров тешна ву Къоман гварди  кхолларо МВД-н подразделенийн тIеман хаарш а, кечам а лакхабоккхург хиларх.

Нохчийчохь йолчу лерринчу подразделенийн бIаьхойн майраллех лаьцна а элира Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, террористашца хиллачу тIеман тасадаларшкахь «Север» а, «Юг» а СМБ-н а, ОМОН-н а, «Терек» СОБР-н а 190 бIаьхо кхелхина, 3 бIаьхочунна Россин Турпалхочун Сийлахь цIе а, 155 бIаьхочунна Майраллин орден а елла.

«Нохчийн бIаьхошна дозалла хета шайн декхарш кхидIа Къоман гвардехь кхочушдар», – яздира Кадыров Рамзана шен Instagram агIонехь.

Дагадоуьйту, Россин Президента Путин Владимира 5-чу апрелехь дIадолийна бакъонаш ларъяран органашна реформа яр. Цуьнца нийса догIуш Федеральни миграционни службех а, наркотикаш лелорна тIехь терго латторан федеральни службех а, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствона юкъахь долу дакъош дина. Цул сов, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон чоьхьарчу эскарех а, полицин спецназех а, ОМОН-х а, ведомственни йоцу гIароллех а цхьа орган йина – иза Къоман гварди ю. Цунна Iуналла деш Россин Федерацин Президент хир ву.

Кхузахь ала догIу, таханлерчу дийнахь Къоман гварди 16 пачхьалкхехь хилар. Царна юкъахь США а, СаIудийн Арави а ю.

Россин Федерацин Къоман гвардин штаб-квартира Москвахь хир ю. Федерацин субъекташкахь берш а багарбича, гвардин 400 эзар белхахо хир ву.

Керла кхоьллина структура декхарийлахь йина хIинццалц МВД-н чоьхьарчу эскарша а, ведомствехь доцчу гIароло а, ОМОН-а а, полицин спецназо а дIакхехьна декхарш кхочушдан. 

И.ЧЕЧАНХО

№40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: