«XXI-чу бIешарера нохчийн кегийрхой» конкурс дIайолаелла

Иштта конкурс вайн республикехь йолхалгIа дIахьош ю. Хьалхарчу шерашкахь дIахьош хиллачу конкурсашкахь дуккха а кегийрхоша дакъалоцура, бакъду, финале уггаре а жигара, юкъараллина пайде хир йолу проекташ бен ца йовлура.

ХIокху шарахь а иштта дIахьур ю конкурс. Дакъалацархойн таро хир ю бизнесехь я кхоллараллехь кхочушъян луун йолу шайн идейш гайта.

– Хьалхарчу муьрехь анкеташ схьагуллор ю оха, цул тIаьхьа Москварчу, Ставрополан крайрчу говзанчаша толлур ду дакъалацархойн  белхаш, церан кхачамбацарш  дIа а дохуш дакъалацархошна массо а тайпа гIо-накъосталла дийр ду цара. Цул сов, министерстве баьхкинчу кегийчу нахана, проект язъеш а, вовшахтосуш а гIо дийр ду. 3-чу муьрехь хоржур ю уггаре а тоьлла проекташ, – дийцира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон юкъараллин  цхьаьнакхетараллашца зIенаш латторан отделан хьаькама Бельтиев Ислама.

ХIокху шарахь дуьххьара шен заявка чуеллачарех ву ТIехьа-МартантIера Автаев Ризван. «Молодежное предпринимательство» аьллачу номинацехь гайтина цо шен проект. Бераллехь дуьйна ша лелийна бежанаш кхидIа а шен ферма а йиллина, лело лууш ву иза.

– Сайн  бахам шорбан лаам бу сан. Ткъа, вайна ма-хаъара, дуккха а ахча оьшу оцу гIуллакхана. Цундела, сайн хIун хуьлу хьажа «XXI бIешарера Нохчийн кегийрхой» конкурсе заявка елла ас. Сайн цигахь аьтто хилахь, тайп-тайпана нехча йоккху цех схьаелла лаам бу сан, – дийцира Р.Автаевс.

Цуьнан бахамехь хIинца 13 бежана ду. Ризванан белхан хIора а Iуьйре 5 сахьт даьлча йолало. Дохнан доладина 9 сахьт далале вала веза, хIунда аьлча, шен пачхьалкхан балха кхиа веза цуьнан (Соьлжа-ГIаларчу 5-чу гимназехь, психолог болх беш ву Ризван). Иштта кIентий хьакъ бу вайн кегийрхоша масал эца.

«XXI бIешарера Нохчийн кегийрхой» конкурс хIокху шеран 16-гIа май кхаччалц дIахьур ю. ХIора номинацехь а 25 стеган дакъалаца аьтто хир бу. Тоьллачарна шайн проекташ кхочушъян гранташ лур ю, цуьнца цхьаьна ерригроссин форумашкахь дакъалаца а таро хир ю церан.

Заявкаш хIинцале дIаэца йолийна. 30 шо кхачаза болчу кегийрхойн а, мехкарийн а аьтто бу цигахь дакъалаца.

Хь.АВХАДОВА

 

№40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: