Цхьа-ши дош…

Пальмира (Шема) шахьарара 1,5 эзар мина а, бомба а, эккхаш болу кхин гIирсаш а дIабаьхна Россин сапераша. И болх хIинца а дIахьош бу. Уьш дIаяьхначул тIаьхьа дIадолор ду шахьар меттахIоттор.

***

   Шемахь машар баран хьокъехь болу барт къобал а бина, герзаш охьадехкина законехь йоцучу 47 тобано.

***

   «Иблисан пачхьалкх» а, «Джебхат–ан-Нусри» террористически организацеша хIинца а дIахьош ду герзаш деттар, питанаш тийсар, къаьсттина Алеппо а, Дамаск а гIаланашкахь.

***

   Индин къилбехь йовхонан бурко ю лаьтташ. Цигахь йовхонна 110 стаг кхелхина, бIеннаш адамаш больницехь дарбанаш лелош ду, царах дукхах болчарна коьртах малх боьлла.

***

   Испанерчу полицис тIаьхьарчу деношкахь наркодиллершкара цхьа тонна сов наркотикаш схьаяьхна.

***

   Желтойчоьнан Iедало мигранташна тIедожийна итт де далале Гирей портера дIадовлар.

***

   Нидерландехь дIаяьхьначу дерриге а халкъан референдумехь 61,1 процент харжамхоша дIахаийтина шаьш Украино Евросоюзаца ассоциаци ярна дуьхьал хилар.

***

   Казахстанерчу цхьана эпсаро шегара майралла гайтина, иккхинчу гранатех салти ларвеш шен дегI бохамна дуьхьал тасарца.

***

   Россин Президента В.Путина дакъалецира регионийн а, меттигерчу а СМИ-н кхоалгIачу медиафорумехь.

***

   В.Путина чIагIбина Россин Госсоветан президиуман керла декъашхой.

***

   Россин Пачхьалкхан Думехь герггарчу хенахь йийцаре йийр ю терроризман хьокъехь долчу керлачу законийн проекташ. Цаьрца нийса а догIуш 15 шарера 20 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан тухур ю террористашна гIо диначарна.

***

   Иранан а, Россин а, Азербайджанан а МИД-йн куьйгалхоша дийцаре дира цхьаьнагIуллакхаш дар шордаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

 №40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: