Шемин векалца цхьаьнакхетар

  Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат цхьаьнакхийтира Россехь Шемин юьззина бакъонаш йолчу векалца Хьаддад Риядца.

Иштта хаам бира Умаров Джамбулата инстаграмехь йолу шен агIонехь. Министра билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах а, цуьнан тIедиллар кхочушдеш а, Хьаддад Риядца хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу Нохчийн Республикин делегацина куьйгалла дина цо.

«Ларамечу векала тхан сий а деш, Россин а, Шемин а юкъаметтигийн тайп-тайпана йолу агIонаш дIакхехьарна леринчу цхьаьнакхетаре кхайкхира тхо. Цу юкъаметтигашкахь къаьсттина меттиг дIалоцуш ю Нохчийн Республика а, цуьнан Куьйгалхо а», – яздина министра Умаров Джамбулата.

Цул сов, Д.Умаровс Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах шемахой декъалбира церан пачхьалкх йозуш йоцу 70 шо кхочуш хиларца (17-гIа апрель).

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Шемин векала Герггарчу Малхбалехь а, къаьсттина Шемахь а долчу хьолах а, цигарчу тIеман-политикин хиламех а кхеташ хиларна доккха баркалла элира Кадыров Рамзанна.

И.ХАСАХАНОВ

№40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: