«Дагера даге»

Иштта яра хIокху деношкахь Россин Федерацин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексан майданахь дIаяьхьначу Ерриге а Кавказан донорийн эстафетин цIе. Иза лерина яра Могашаллин дерригдуьненан денна. Эстафетин юьхь Нохчийн Республикехь дIайолийна. Цул тIаьхьа иза дIахьур ю Къилбаседа Кавказан Федеральни округан кхечу регионашкахь.IMG_1371

     И мехала гIуллакх Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос вовшахтоьхнера Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал С.Меликов волчохь кегийрхойн политикехула йолчу кхеташонца, Республикин «Vita» туьшаца, Республикин цIийдаларан станцица цхьаьна.

Оцу дикачу гIуллакхехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин, республикин ведомствийн, районийн администрацийн  куьйгалхой, республикин вузийн ректорш, иштта республикин дуккха а бахархой.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, дикачу гIуллакхан дакъалацархойн аьтто хилира вай лакхахь хьахийначу мемориальни комплексехь хиллачу мобильни лабораторешкахь шайн цIий дIадала.

 

  З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: «Дагера даге» дика гIуллакх

№40, шот, оханан (апрель) беттан  9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: