Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу юкъараллин-консультативни советан кхеташо хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, цуьнан заместительша Е.Курашевас, С-С.Абдулмуслимовс, А.Элембаевс, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин декъашхочо Мунаев ИсмаьIала, иштта республикерчу юкъараллин-политикин векалша.
Кхеташонехь дийцира Россин Федерацин Президента В.Путина шен Указца Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдар ханна Р.Кадыровна тIедиллина хиларх, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» (2015-чу шеран 6-гIа апрель) цIе яларан цхьа шо кхочуш дIадахьа леринчу даздарех а, Нохчийн Республикин Пачхьалкхан къоман политикин бакъонийн актийн мах хадорах а, иштта республикехь бехачу туркойн-месхетойн Iер-дахарх а лаьцна.
Кхеташо дIайолош Д.Умаровс билгалдаьккхира, цу чохь гулбелла юкъараллин-консультативни советан векалш, Нохчийн Республикерчу къаьмнийн юкъаметтигаш ларъярх а, Iер-дахарх а дог лозуш, чIагIъярехьа къахьоьгуш хилар.
– Вайна ма-хаъара, Нохчийчоь дуккха а къаьмнаш дехаш регион ю. Иза иштта делахь а, вайн республикерчу тайп-тайпана дин лелочу нахана юкъахь цкъа а дар-дацарш ца хааделла вайна, Делан къинхетамца. Вайн махкахь хала хьелаш долуш кхузара дIаихна нах а юхаберза лууш, тIегIерташ бу вайна (вай буьйцурш нохчий хилла а ца Iаш, кхечу къомах болу нах а бу). Иза иштта хиларо гойту вай нийсачу новкъахь хилар, – дийцира Д.Умаровс.
Россерчу къаьмнийн вовшашка ларам хила безар а билгалдаьккхира кхеташонехь: «Муьлхха а дин лелош волу стаг лара веза вай. Цхьаьннан а бакъо яц кхечу динехь верг охьатаIо», – элира министра.
Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе яларх лаьцна а дийцира кхеташонехь: «Вай декхарийлахь ду оцу декъехь талламаш бечу нахах лаьцна дийца а, уьш лара. ХIунда аьлча, цара тахана а дIахьош боккха болх бу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхарна Нохчийчоьно юкъадиллина дакъа гойтуш», – элира цо.
Цул тIаьхьа, Невран районан къаьмнийн культурин «Туркойн юкъаралла» автономин председатела И.Биналиевс Нохчийн Республикехь бехачу туркойн-месхетхойн Iер-дахарх лаьцна доклад йира.
– Iаламат мехала хета тхуна иштта лаккхарчу тIегIанехь туркойн-месхетхойн дахарх лаьцна дийцар. Нохчийчу тхаьш кхачарх лаьцна цхьа-ши дош ала луур дара суна. 1989-чу шарахь Невран районе схьакхелхинера дуккха а месхетхой (цу хенахь дина омра дара Кавказехь цхьанхьа а тхо тIе ма лаца, аьлла. Делахь а, Нохчийчохь тIелецира тхо). Бакъду, Нохчийчохь шолгIачу тIеман кампани хиллачул тIаьхьа, дукхахберш дIабахна. Таханлерчу дийнахь Невран районехь Iаш 2 эзар сов бен бац месхетхой. Царах 80 процент бан болх боцуш бу. Дукха хьолахь латта а лелош хене бовлуш бу уьш. Цундела юьртабахаман, фермерствон институт схьайиллича месхетхойн таро хир яра шайн гIуллакхаш дан (масала, шайн цIарах ферма схьаелла). Тхуна цунах Iаламат доккха гIо-накъосталла хир дара, – бохура И.Биналиевс.
Хь.БАХТАЕВА
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо