Кадыров Рамзана ша регионан куьйгаллера дIавала воллу аьлла бина хаам юкъаралло сингаттамца тIеийцира. Оцу сацамна сагатдеш республикера хилла а ца Iаш, Россера а, дерриге а дуьненара а бахархой бара. Оцу сацамна шайн резацахилар гайтира меттигерчу пачхьалкхан Iедалан органийн а, районийн администрацийн а, юкъараллин, динан организацийн а векалша. Ткъа иза ларамза дацара. Тахана регион жигара кхуьуш йогIу, иза, цхьа шеко йоцуш, Кадыров Рамзанан кхиам бу. Иза а воцуш регионан кхане ган хала ду. Кадыров Рамзанан къинхетамечу куьйго вайн республикин хIора а хIусаме йовхо еана, регионан бахархойн, уьш муьлха дин лелош бу я муьлхачу къомах бу ца къестош, цхьана доьзалан санна, дахар тодина.
Республикин Куьйгалхочо ша оцу даржехь волчу юкъана республикин дуьхьа мел дина гIуллакх цхьанна а хIуманца дусталур дац. ЮхаметтахIоттийна а ца Iаш, бIеннаш, эзарнаш туристаш оьхуш, дерриге а дуьне цец а дуьйлуш, денна хазлуш, кхуьуш йогIу гIайре йина Кадыров Рамзана Нохчийчоьнах.
Регионан Куьйгалхочун дарж дита болу сацам бан атта дацара Кадыров Рамзанна. Тешна ву, иза эфирехь ерриге а пачхьалкхана дIакхайкхадале хьалха, цо дика ойла йина хиларх. НТВ телеканалана цо елла хиллачу интервьюга аш дикка ладоьгIнехь, цо ша шен къоман дуьхьа дIавала лууш ву олуш тидам хилла хир бу шун. Хууш ма-хиллара, Кадыров Рамзанан цIе сийсаз а еш, вайн пачхьалкхера а, Нохчийн Республикера а политикин хьал талхо гIерташ бу Россин мостагIий.
1994–99-чуй шерашкахь къоначу Кадыров Рамзана шен дена, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина улло а хIоьттина, нохчийн къам вайн регионехь орамаш хоьцучу дуьненаюкъарчу терроризмах кIелхьарадаьккхира.
1999-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалц йолчу юкъана Кадыров Рамзана Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна дуккха а мехала гIуллакхаш кхочушдира Нохчийчохь машар хилийта а, Нохчийчоь юьззина бакъонаш йолу Россин субъект хилийта а.
2004-чу шарера таханлерчу дийне кхаччалц Кадыров Рамзана шен белхан накъосташца цхьаьна Нохчийчоь Россин регионашна юкъахь бахархойн хьашташ кхочушдарехь уггаре кхиамечу субъектех цхьаъ ян гIерташ къахьегна. Шена хьалха хIиттийна йолу Iалашонаш кхочушйина республикин Куьйгалхочо. Шен дахаран уггаре а хаза шераш къомана дIаделла хилча, шена догIуш долу садаIар деха бен ца дезара цуьнан… ТIаккха мел боккха хила беза цуьнан шен къоме а, шен Даймахке а болу безам?
Политологаша а, иштта, бевзаш болчу юкъараллин гIуллакххоша а дуьйцу Кадыров Рамзан ша шен воцу дукха хан ю, иза къоман стаг ву, бохуш. Ткъа цо и дарж дита тарло бохуш долу къамел дан а ца оьшу.
Кадыров Рамзан регионна коьрте хIоттар дерриге а нохчийн халкъо къобал а дина, тIеэцна дара. Халкъан харжамна дуьхьал иза цкъа а вер вац. Халкъо ша хоржуш ву шен Куьйгалхо.
Нохчийн халкъана тешаме кIант а, бусалба стаг а, шен мехкан патриот а верг, шех тешначарна муьтIахь хила веза. Цул совнах, Россин Федерацин Президент а, иштта, пачхьалкхан берриге а бахархой а тешна бу Кадыров Рамзан а, нохчийн халкъ а Россин чоьхьарчу гIуллакхашна юкъа а гIерташ, цуьнан цхьаалла йохон гIерташ болчарна луьра дуьхьало хиларх.
Тахана Кадыров Рамзанах лаьцна харцдерг а, эладита а даржош берш малхбузехьарчу лерринчу службаша ахчанца кхачо еш болу нах бу. Цундела Кадыров Рамзана тергал дан оьшуш дац вайн пачхьалкхана вуон болх лууш болчу нахана хетарг а, цара дуьйцург а.
Кадыров Рамзанах а, халкъан цуьнца йолчу юкъаметтигах а лаьцна дийца дуккха а ду. ХIинцачул тIаьхьа кхин дуккха а хир ду дийца диканиг, хIунда аьлча, Россин Федерацин Президентан Указца Кадыров Рамзанна юха а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдар тIедиллинчул тIаьхьа керла лакхенаш яхаран мур дIаболабелла вайн халкъан дахарехь.
ДЖАВОТХАНОВ Мохьмад
№40, шот, оханан (апрель) беттан 9-гIа де, 2016 шо