Шатайпана айъам хаало х1окху деношкахь республикин юьртан бахаман министерствехь хиллачунна. Иза кхеташ а ду. Т1екхаьчна б1аьсте, шен билгалонашца, хиламашца, хьалхах1иттон болчу лехамашца. Ведомствехь кхета оцу декъаца г1уллакх дог1уш верг тахана каде хьовзарх, цуьнан жигараллех т1аьхье муха хир бохург доьзна хирг хиларх.
Шега далуш долу г1о а деш, министерствос бахамашна хьалха х1иттадо б1аьстенан белхаш д1аболийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна лаккхара вовшахтохаралла гайтар, технико лаккхарчу эвсараллица болх барна кхачояр, дуьйчу х1уьнан дикалла лакхара хилийтар. Тидам т1ебохуьйту оцу г1уллакха т1ехь цхьа х1ума а кега-мерса лара мегарг цахиларна.
Ткъа дан дезаш хьалха лаьттарг х1умма а к1езиг дац. Иза гойту х1окху бакъдолчара а. Кху шарахь республикехь б1аьстенан культурашна билгалйинарш цхьа б1е эзар гектарал жимма сов майданаш яра. Шайх пайда ца оьцуш долу латтанаш г1уллакхана юкъадало йолу таронаш хьесапе а эцна, дийнна схьаэцча агропромышленни комплексехь б1аьстенан культурашна кечдина 120 эзар гектарал сов латта. Цунах къастийначу пхеа эзар гектара т1ехь сула д1аер чекхдолуш ду тахана цхьамог1а бахамашкахь. Ялх эзар гектарал сов майданаш д1алоцур ю шекаран буракаша. Пхи эзар гектар къастийна хьаьжк1ашна, кхо эзар – мекхана, итт эзар гектар – маьлхах1ушна. Билггал майданаш билгалйина горохана, сояна, хасстоьмашна, суданкина, люцернина, кхоьшна.
Д1адаханчу шерашкахь а санна, бахамашкахь мерза орамаш кхиорна алссам тидам кху шарахь а т1ебохуьйтург хиларна тоьшалла хилира дукха хан йоццуш ведомствехь районашкахь йолчу юьртабахаман отделийн куьйгалхошца а, церан г1оьнчашца а д1аяьхьна кхеташо. Шекаран аьргалла кхиорехь цигахь алссам зеделларг хилар хьесапе а эцна, кхеташонехь Т1ехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Гуьмсан районашкарчу отделийн векалийн тидам т1ебахийтира оцу г1уллакха т1ехь цхьа а тайпа ледарло ялийта мегарг цахиларна.
Кхузахь билгалдаьккхича нийса хир ду аьлла хета иштта декхар царна хьалха ларамаза х1оттийна цахилар. Г1уллакх доллу оцу районашкарчу бахамашкара уггаре алсам аьргалла шекар доккхучу заводе кхачош хиларх. Тоъалчу барамехь лакхара бу буракаш хьекъорехь болу гайтамаш а. Яккхийчу майданашкахь кхиор ю цигахь шекаран аьргалла т1ейог1учу аьхка а: т1ехьамартанхоша – 410 гектара т1ехь, хьалхамартанхоша – 400 гектар, гуьмсахоша – 670 гектарал сов йолчу майданашкахь.
Ткъа министерствос шен аг1орхьара, стохка санна, д1аден оьшуш долчух ах х1у хуьлуьйтур ду маьхаза. Иштта гектарана леринчу хьесапехь 400 кийла минеральни удобренеш а къастор ю – 200 кийла аммофос а, 200 кийла аммиачни селитра а.
– Нагахь тахана бахамийн экономикехь долу хьал хьесапе эцча, ведомствос царна деш дерг доккха г1о ду, – тидам т1ебахийтира министерствон стоьмаш-хасстоьмашлелоран а, химизацин а, ораматаш ларъяран а департаментан куьйгалхочо Матуев Ханпаша. – Оцу кепара шайна деш долчу г1оьнан хьакъ боллу мах хадор бу аьлла хета тхуна.
Цуьнца цхьаьна иза къера вара б1аьстенан белхаш д1аболорна массанхьа а ма-хетта дика кечамбеш цахиларна. Цу юкъадог1ура х1окху муьрана оьшу йолу техника кечъяран г1уллакх а. Бахамашна оьшуш долчух ах х1у эцнехь а, иза шайн бахамашка д1акхачо сихбелла бац цхьаболу куьйгалхой. Цунна къеггина долу тоьшалла ду дуьххьалд1а х1ара цхьа терахь а. Халахетарца билгалдоккхура кхеташонехь х1у д1адахьарна 16 процент бахамашкара бен заявкаш кхаьчна цахилар. Шайна маьхаза луш долу х1у д1адахьа уьш сиха цахилар кхана вуочу аг1ор хаалур дац олийла дац буракийн х1у д1адеран белхаш шен хеннахь чекхбахарна т1ехь. Нагахь уьш хьалхарчу апрелана чекхбаха латталелорхошна хьалха декхар х1оттийна хилча-м муххале а.
Ведомствон сайто бечу хаамца, юьртан бахаман министра Дадаев Мусас районашкахь йолчу шайн отделийн куьйгалхошна хьалха декхар х1оттийна бахамашкахь б1аьстенан х1у д1адерна кечамбарехь гучуевлла ледарлонаш сихха д1аяхарна т1ехьажийна г1уллакхаш дар а, аренийн белхаш д1абахьар шайн х1ора дийнан тергамна к1ел х1оттор а. Цунна хетарехь, болх оцу кепара д1ах1отторо бен кхачо йийр яц б1аьстенан белхаш шен хеннахь а, лаккхарчу дикаллица а д1абахьарна.
Дийнна схьаэцча Нохчийчоьнан агропромышленни комплексехь долчу хьоло гойту юьртан бахаман министерствос шайна деш долчу г1оьнна т1е а тийжаш, латталелорхой керлачу дозанашка кхача кечлуш хилар.
Л.МАГОМАЕВ