25-гIа апрель – Нохчийн меттан де

Айдамиров Абузар

Ненан мотт388060_900

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзунийн баннашна лулахь

Нанас со кхиийна берахь.

 

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, декара дог хьостуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

 

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

ДIатуьйра набаро хьоьстуш.

 

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара, дог Iийжош, доруш.

 

Ненан мотт, хьуна тIе тийжаш,

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла гIиттош,

Ловш Iийна уьш и буьрса денош.

 

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

БIешерийн дохаллехь эшош,

ГIелонгахь баллийнчу хьуна,

Даймахко паргIато елла,

Ирсан неI йиллина хьуна.

 

Бекалахь,  ненан мотт, тахна,

Хьайн халкъан маьрша мохк хестош,

Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –

Даймахкана кхайкхабеш хастам.

 

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта тIехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

 

Исмаилов Абу

Нохчийн мотт

Хьох лаьцна суна а дуьйцуш,

Башломах  лешара хиш.

Зарзарша вовшашка буьйцуш,

Хьо хестош, лоькхура йиш.

 

ГIа-патаро шабарш дора.

ДIаихначу шерийн лар

Суна вайн тархаш тIехь гора,

Озийча набаран тар.

 

Хуьлура наб санна ховха.

ДаI санна хуьлура хьо.

Сан лазам, сан дегайовхо,

Сан иэшам, сан толам – хьо.

 

Хийла къам дехачу меттехь

Буьйцучо юкъара мотт,

Сан дагна хьо хийра хеттехь,

Бицбелла хир бара хьо.

 

Кхин стаг ца хилча хьо бийца,

Ас сайца къамелаш деш,

Хийлаза хьан марзо ийци.

Дела ву оцунна теш.

 

Халикова Асет

Нохчийн мотт

Тапъаьлла тийна ду лаьмнаш,

Набаро Iехийна хьаннаш,

Нохчийн мотт буьйцуш ас шайга,

Безаме уьш хьоьжу соьга.

Ма хаза бу-кха хьо,

 тхан нохчийн мотт!

 

БIаьстено аренаш хьоьстуш,

Лаьмнашкахь сирла аз дека.

Дуьненан дареш ца оьшу,

Бекалахь лаьтта тIехь даим,

Бийцарах ца Iеба, тхан нохчийн мотт!

 

Стиглано шен кIажарш йостуш,

Лаьтта тIе догIанаш хийци.

Дуьне ас хьан дашца хьостуш,

Дахаро аьхна бос ийци.

Ма мерза бу-кха хьо  тхан  нохчийн мотт.

№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: