«Истоки» журнал дешархошна хазахета

Дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь литературни «Истоки» журнал ешархошна кхин а кIорггера довзийтарна лерина цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалецира №1 йолчу гимназин а, №20, №48 йолчу школийн а дешархоша, библиотекин жигарчу ешархоша. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалаца еанера «Истоки» журналан коьртачу редакторан заместитель Муртазалиева Асет.IMG-20160422-WA0019

Цхьаьнакхетар дIахьош яра библиотекин шатайпа кхиар долчу берийн отделан заведующи Домбаева Амина а, библиотекин жигара ешархо Джаубатырова Хьава а. Баьхкинчаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, А.Домбаевас билгалдаьккхира, 2013-чу шарахь «Истоки» журнал арахеца долийна хилар а, – иза вайн республикин къоначу ешархошна маьIне хилам хилар а. Иштта, цо хаийтира, «Истоки» журналехь зорбатухуш долу дийцарш а, туьйранаш а, байташ а, забарш а Берийн библиотекин ешархоша дукха лерина йоьшуш хилар.

Цул тIаьхьа дош делира Муртазалиева Асете. Шен къамелехь  цо ешархошна дийцира «Истоки» журналан маьIнех а, иза арахоьцуш дуккха а къахьоьгуш хиларх лаьцна а.

Цхьаьнакхетар дерзош, библиотекин ешархоша «Истоки» журнала тIера шайна хазахетта дийцарш а, байташ а, туьйранаш а дийшира.

 

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой 

№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: