«Олимпиада – 2016»

Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствос кхоллараллин хьуьнарш долу бераш билгалдахаран а, церан Iилманан къайлене ойла кхолларан а Iалашонца школийн дешархошна юкъахь Ерригроссин дешархойн «Олимпиада – 2016» региональни мур дIабаьхьира.mpl908

Кхушара оцу олимпиадехь дакъалоцуш 486 дешархо вара. Иза хIокху предметашкахула хилира: нохчийн мотт, литература; оьрсийн мотт, литература; истори; обществознани а, бакъо а; ингалсан, французийн, немцойн меттанаш; математика, физика; хими; биологи; географи, астрономи; физически культура.

15-чу апрелехь Дешаран а, Iилманан а министерствехь даздаран хьолехь республикин олимпиадин толамхойн цIерш йовзийтира. Хьалхарчу меттехь – 16, шолгIачу меттехь – 23, кхоалгIачу меттехь – 29 дешархо вара. Царна массарна а грамоташ а, мехала совгIаташ а дира. ЖамIаша гайтира, кхиамаш баьхначарна юкъахь уггаре а алсам Грозненски районан дешаран учрежденешкара, Президентан лицейра, Соьлжа-ГIалин №12, 14 йолчу гимназешкара дешархой хилар.

Иштта, оцу олимпиадина кечам бойтуш берашца къахьегначу хьехархошна а дира совгIаташ.

З.ХИЗИРОВА

Суьрта тIехь: «Олимпиада – 2016» даздарш

 

№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: