Спортан керланаш

Чернобылан турпалхошна лерина

Калининградски областерчу Светлогорск гIалахь дIаяьхьира Чернобылехь хилла бохам дIабаьккхинчу турпалхошна лерина греко-римски кепара охьатохархлатаран В.С.Сорокинан цIарах йолу 11-гIа дуьненаюкъара турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара Польшера, Литвара, Латвера, Норвегера, Россера 120 спортсмен.

2003–2004-чуй шерашкарчу 38 кг. йолчу йозаллин категорехь леташ вара Норвегин Рюгге гIаларчу латархойн клубера Эдаев Мохьмад. Исс къовсам толамца берзорца, чемпион хилира иза. Цунна совгIатна Чернобылехь хилла бохам дIабаьккхинчу турпалхоша куьйгаш яздина, церан декъалдарш тIехь долу книга елира. Иштта А.Карелинан цIарахчу фондо футболка а, А.Карелина куьг яздина йолу Россин Олимпийски вымпел а елира Мохьмадна.

СовгIаташ дIаделира инарла-майора А.Г.Гапоновс, подполковника В.И.Куликовс.

 

«Академия-Казань» – «Грозный»

ХIокху деношкахь  ГIезалойчоьнан Казань гIалахь дIадаьхьира волейболехула Россин чемпионатан Лакхарчу лигин (А) 21-чу туран къийсадаларш.

«Грозный» волейболан клуб левзира меттигерчу «Академия-Казань» клубан волейболисташца.

Къовсам шина дийнахь дIабаьхьира. Юьхьанца дуьйна а гIолехь ловзуш яра Нохчийчуьра команда. Хьалхарчу дийнахь 1:3 (18:25, 22:25, 25:23, 19:25), шолгIачу дийнахь – 0:3 (21:25, 23:25, 22:25) жамI долуш туьйлира вайн команда.

Л.ДАУТОВА

 №46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: