Чегем гIалахь дукха хан йоццуш дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула 1999–2001-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир.
Цигахь дакъалоцуш вара вайн республикера берийн кхиазхойн спортан школашкара (РДЮСШ, ДЮСШ, ШВСМ) 11 спортсмен.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толам баьккхира вайн махкахоша: I.Макаев (42 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, И.Алиев (42 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, И.Забаев (46 кг.) – Грозненски районера ДЮСШ, А-М.Амаев (50 кг.) – № 4 йолу ДЮСШ, А.Бараханов (50 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, Б.Юсупов (54 кг.) – РДЮСШ, С-С.Бибулатов (63 кг.) – РДЮСШ, М.Дадаев (63 кг.) – Грозненски районера ДЮСШ, Хь.Исаевс (69 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Х.Джантамиров (100кг.) – ШВСМ, М.Хаджиев (120 кг.) – ШВСМ.
З.ШИШХАНОВА
№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо