Тхан рузма

25-гIа апрель, 1936 шо. Хьалха-Мартан  кIоштан Iалхан-Юьртахь вина Арсанукав Iабдулла, литературовед, юккъерчу школехь  нохчийн литература хьехаран Iилманан-методикин  бух биллархойх цхьаъ. Бераллин  а, кхиаран а  шераш дIадахна  Казахски ССР-н  Семипалатински  областан  Урджар юьртахь  (дерриге   а халкъаца цхьаьна  кхалхийначохь). Цигахь  чекхъяьккхина  юккъера школа а. 1962-чу  шарахь  чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  хьехархойн институтан  историн-филологин  факультетан  къоман  отделени. Белхаш  бина  Чечанарчу, ВаларгтIерчу,  Iалхан-Юьртарчу  юккъерчу  школашкахь  директор волуш. 1971-чу  шарахь  дуьйна  РСФСР-н  дешаран  министерствон Къаьмнийн школийн Iилманан-талламан  институтан  Нохч-ГIалгIайн  филиалехь  болх бо (Iилманан лакхара  белхахо, куьйгалхо).  Карарчу  хенахь  Нохчийн Республикин  дешар кхиоран институтан  директор. Юккъерчу  школина  леринчу   нохчийн  литературин, Iаморан-методикин  пособийн, ткъа иштта «Нохчийн яздархой» книгин автор. Россин  яздархойн  Союзан декъашхо.

27-гIа апрель, 1957 шо. Вина Солтаханов Ширвани, физикин-математикин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент. Дешна А.А.Ждановн цIарахчу Ленинградерчу пачхьалкхан университетан математикин-механикин факультетехь. Оццу университетехь чекхъяьккхина аспирантура а, докторантура а. 1982-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетехь Iилманан а, хьехаран а болх беш ву.

Iилманан 100 сов белхан автор. Царна юкъахь ю соавторшца цхьаьна язйина 5 монографи а, университетийн студенташна лерина «Теоритическая механика» учебник а. Россин Iилманийн академин теоретически а, прикладни а механикин Ерригроссин Къоман комитетан декъашхо ву Ширвани. Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу гIуллакххо а, Санкт- Петербургерчу универститетан «За научные труды» совгIатан а, Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан а лауреат ву Ш.Солтаханов.

28-гIа апрель, 1939 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Мамакаев Эдуард, Нохчийн Республикин халкъан поэт, Россин Федерацин   культурин  хьакъволу  белхахо. Дешна Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  хьехархойн  институтан  филологин  факультетан  къоман   отделенехь. Белхаш бина   Лаха-Неврерчу  юккъерчу  школехь  хьехархо,  «Ленинан некъ» (хIинца  «Даймохк») газетан  корреспондент, районан  культурин   отделан  заведующи,  Нохчийн  Республикин яздархойн  союзан  куьйгалхо волуш. Карарчу  хенахь  Мамакаев  Iаьрбин  литературно-мемориальни  музейн  директор ву.

1958-чу  шарахь дуьйна  муьран зорбанехь, юкъарчу  гуларшкахь  сих-сиха  гучуюьйлу  цуьнан  стихаш, очеркаш,  дийцарш. 1971-чу  шарахь   зорбане   елира «Седарчий  лийр  дац» цIе  йолу   стихийн  шен  гулар. Цул  тIаьхьа  тайп-тайпанчу  шерашкахь  арайийлина  «ЧIамарниг», «Берашший, малххий», «Гуьйренан догIа», «Солнце-птица, не  спеши  садиться» (оьрсийн  маттахь), «Бераш-кераш,  схьагулло», «Мама золотая» (оьрсийн  маттахь)  стихийн  гуларш.

 

№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: