«Сайн дегIа чохь са мел ду,
Маттах лаьцна – ас дуьйцур ду,
Сайн Ненан мотт Iалашбар,
И – сан декхар ду! »
Дуьнен тIехь мел дукха ю гIум, хIетте а цхьатерра гIамаран ши мисхал карор яц, догIанан тIадамийн а, лайн чимийн а. Дала иштта кхоьллина хIара Дуьне. Къаьмнаш а ду иштта тайп-тайпана, цхьатерра доцуш. Цаьрга терра церан меттанаш а ду. Iалам къаго кхоьллина заза санна, къаьмнаш хаздан кхоьллина ду церан меттанаш а. Мотт вайн къоман зевне аз ду. Къоман гIиллакх-оьздангалла, яхь-юьхь, собар, доьналла маттаца доьзна ду.
Соип Моллас аьлла:
«Iаьрбийн мотт Iамабелаш – ийманан мотт бу шуна иза, Нохчийн мотт ларалаш – гIиллакх-оьздангаллин мотт бу шуна иза, оьрсийн мотт хаалаш – вайна хила доллург хуур ду шуна, ингалсан мотт Iамабелаш – бахаман мотт бу шуна иза». Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадов доь доцуш. Оцу агIор хьаьжча, школа тахана меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард хилла дIахIотта еза.
Мотт беккъа цхьа адамаша вовшашца къамел даран гIирс хилла ца Iа, мотт – иза оьздангалла, гIиллакх, эхь-бехк, ийман кхиоран некъ бу. Къоман эзарнаш шерашкахьлера зеделларг, исторех, культурех, ойланех, хазаллех, исбаьхьаллех, дахаран тайп-тайпанчу агIонех дуккха а хаамаш бу маттаца.
Дуьйцийла йоццуш, муьлхха а мотт – дуьнен тIехь дехачу дерриге а адамийн бахам бу. Цундела муьлхха а мотт байча, меттахIоттулур доцу зен хуьлуш, доккха хIума довш ду хIокху дуьнен чохь дехачу адамийн. Эхь-бехк а долуш, шаьш оьзда хетачу, дешна болчу нахана муххале а хаа деза мотт ларбар, цуьнан ларамбарца, тIаламбарца дезар эцар – шайн деза декхар дуйла. Хьехархошна тIехь а ду и декхар уггаре хьалха. Хьехархойн яккхий таронаш ю шайн балха тIехь нохчийн маттах, цуьнан хазаллех пайдаэца. Вайн генарчу дай-наноша халачу хьелашкахь вайга схьакхачийна вешан историн теш болу ненан мотт, биц ца беш, гIел ца беш, ма-хуьллу ларбеш, кхиош. Иштта ваьшна тIаьхьабогIучаьрга дIабала декхарийлахь ду вай.
ТIекхуьуш долчу чкъурана Ненан мотт хьоьхуш хиларна со ирсе хета суна, ас цунах дозалла а до. Бераллехь сайна школехь дIоггара ца Iамийнехь а, сан даг чу бижна бу Ненан мотт. Хьехархочо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Мотт хаар, сан хьекъалехь, урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа, иза хаар халкъана хьалха дIахIоьттина, сахьтехь, шина сахьтехь оьшучохь аз айдеш, я лахдеш, нохчийн меттан мукъамехь къамел дан хаар ду. ХIора меттан а ма бу шен мукъам. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладугIу наха. Иштта динчу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Бакъболу халкъан мотт – Нохчийн мотт бу бийца а, хьеха а безарг школашкахь. Иштта, вай хIора дийнахь керла-керланиг юкъа а доккхуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кхио беза вешан кегийрхой.
Вай барт болуш, вешан Ненан мотт ойъуш, оьздангалла йолуш хилахь, мехкан сий ойъур ду.
Тахана, Дала мукъ лахь, нохчалла, бусалбалла – цхьаьна хилийта Iалашо йолуш, болх беш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Дала Iалашвойла иза!
Цу тIехь вайна хууш ма-хиллара кхиамаш а бу. Даймохккий, ненан моттий, къаммий – вовшах ца къастош, шерачу новкъа, дIадаха пурба лойла вайна!
Ас даггара декъалдо дерриге а Нохчийн къам доккхачу дезачу денца – Нохчийн меттан денца!
« Баккхийчу нахаца,
ГIиллакхе, оьзда,
Къоначийн могIарехь,
Собаре къона.
Дерриге дахар ду,
Халкъаца доьзна,
Ерриге зама ю,
Маттаца йоьзна!»
Абдырашитова Маьлх-Аьзни
Шелара №9 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан хьехархо,
Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо
№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо