Иштта яра хIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь дIаяьхьначу кхоллараллин суьйренан цIе. Суьйре дIахьош вара Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, поэт Юсупов Руслан а, «Гумс» газетан коьрта редактор, вевзаш волу поэт Борхаджиев Хожбауди а.
Башхачу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара – яздархой Айдамирова Машар, Ахматукаев Адам, Саиев Iумар, Косумов Сайд-Мохьмад, Петирова ПетIамат, нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, журналист Эльдерханова Зайнап, Нохчийн Республикин халкъан артист Ясаев Мохьмад, эшаршлакхархо Парсанова Таиса, иллиалархой Бисултанов Апти, Дашаев Эдилбек, иштта студенташ а, дешархой а.
Суьйре дIайолийра Ясаев Мохьмада яздархочун Кусаев Iадизан «Сан ГIала» дешнаш тIехь даьккхина илли аларца.
Поэташа, журналисташа дуккха а дийцира нохчийн маттах лаьцна. Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира, Нохчийн меттан де нохчийн мотт безачунна доккха цIей хилар а, муьлххачу а стагана шен ненан маттал беза, аьхна, хьоме мотт хирг цахилар а, таханлерчу маьршачу замане сатуьйсуш, дуккха а адамаш цхьаьнакхеттачу меттехь шен ненан маттахь вистхила йиш йоцуш, цу дийнах хьоьгуш вайн яздархой, дай кхелхина хилар а.
Яздархочо Ахматукаев Адама элира:
– Хууш ма-хиллара, кху оханан (апрель) баттахь дуккха а хуьлу Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетарш. Иза мехала гIуллакх ду. Иштта цхьаьнакхетарш вовшахтохар а, цигахь дакъалацар а ненан мотт безар, и кхиорехьа дакъалацар ду аьлла хета суна.
Къаьсттина суна доккха гIуллакх хета журналистикехь нохчийн маттахь къахьоьгучара дийриг. Тахана санна долу, нохчийн мотт хестош, цу маттахь байташ йоьшуш долу цхьаьнакхетарш, нохчийн маттахь республикин бахархошна довзуьйту цара. Дала декъалвойла нохчийн маттахь къа мел хьоьгург! Дала тIаьхье беркате йойла! – дерзийра цо шен къамел.
Поэташа нохчийн маттахь байташ йоьшуш, артисташа иллеш олуш, эшарш лоькхуш дIаяьхьира суьйре.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Нохчийн меттан денна лерина кхоллараллин суьйре
№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо