Иза дара 1962-чу шеран аьхка. ХIетта Соьлжа-ГIалин хьехархойн училище чекхъяьккхина къона оьрси ши йоI Ефремова Нина а, Петрова Татьяна а ТIехьа-Мартан районерчу ШаIми-Юьртарчу школе балха хьажийнера. Нинас дешначу №5 йолчу Соьлжа-ГIалин школин директора, иштта корматаллин хьехархо шена а оьшу, ша министре а аьлла «откреплени» а яьккхина дIанисдийр ду аьллашехьа, май беттан тIаьххьарчу деношкахь юьртахь муха, хIун ду хьажа еара ши йоI.
– Автобус тIера охьайоьссича тхойшиъ цецъяьллера юрт мара хьарчийначу соьналлех, – 52 шо хьалха хилларг дагалоцуш а, даггара елакъажарна, юьхь а къоначу йоьIан санна кхохкийра Нинин, – некъан аьтто агIор дерриге а баьццарчу дитташний, бес-бесарчу зезагашний юкъадахана кIайн цIа а башха гIап хийтира тхуна. Цунна уллехула охьадоьдура сирла, хьаьъна хи. Наггахь чудоьжна гIа такхош я бухара можачу гIамарх терра жима чIара бодуш гича бен, иза охьадоьдуш я лаьтташ ду-дац а ца хаалора. Боккхачу некъаца моггIара доьгІна къона таьллаш, юткъа гIодаюкъ йолчу лекхачу мехкарех терра, мелачу мохо баххьаш техкош лаьттара. Юртана тIехуларчу стиглара мархаш а башха кIайн яра. Масех зовтан туьнталгаша туьйсучу кIуьро Iаржйина хуьлучу гIалин стигланах-м муххале а къаьстара иза, садоIу хIаваъ а цIена хилар хаалора. Нийсса новкъа охьаяхара тхойшиъ. Тийна дара юьртан урамашкахь. Наггахь а дуьхьалкхеташ стаг вацара. Дукхахдолчу лохачу, кегийчу цIеношна дуьхьал керташ а яцара. Деш а, дан долийна а буьйдачу кибарчигийн а, наггахь еттинчу кибарчигийн а цIенош а, рагIош а дара. Массо а кетIахь а, уьйтIахь а девзиг хьаькхна цIена яра, амма массо а маьIIера схьакъедаш къоьлла яра.
Краснодарски крайра Белоглински районерчу Успенски станицехь йина а, кхиъна а йолу Нина, Соьлжа-ГIалахь шен ненан ненаца яьхна. Кхузара 5-гIа школа чекхъяьккхина, деша яхана хьехархойн училище. Цуьнан ден-ненан доьзалехь 6 йоI а, 1 кIант а кхиъна. Дерриге а бераш дика доьшуш дара кхеран. Царах кхоъ – хьехархо а, кхоъ – медицинин белхахо а, кIантах хIордакеманан инженер а хилира.
– Йоккхачу кертахь, йоккхачу уьйтIахь, маьI-маьIIехь лаьттачу масех лохачу гІишло чохь яра хІетахь тхан школа, – юха а дагалецамашка йолу Нина, – директор, ткъа иза Лорсанов Шарип Керимович вара, дуьхьалваьлла, дукха леррина тIеийцира тхойшиъ. Школехь шаьш тхоьга хьоьжуш Iаш хилар а, тхох доьзна дерриге а дешар лаьтташ хилар а хаийтира цо. Къона хиларна, баккъал а иштта ду моьттура, цундела кхузахь саца резахилира тхойшиъ. Делкъе ян шайга дIайигира цо тхойшиъ. Цуьнан зудчо Падас а цхьа йоккха ши хьаша йина тIеийцира тхойшиъ, цо бина тIо-берам хIинца а дагахь лаьтта суна, цкъа а иштта чам болуш тIо ца биъна ас. Новкъахь дуьхьалкхеттачунна а, чувеанчунна а тхойшиъ йовзуьйтура Шарипа, массара а маршалла хоттура, ас ма-баххара цхьа башхачу Iаламо а, берриш а цхьа даггара белабелла-бекхабелла хиларо а юьрте безам бахийтира тхойшиннан. Балха дIахIотта заявленеш а яздина, гIала охьаяхара тхойшиъ, 5-чу школин директорна а, я министрана а тIе ца яхара.
Дуьне а, дахар а ца девзачу мехкаршна атта дацара дукхахьолахь вовшийн маттах а ца кхетачу берашца болх бан а, церан дай-наношца юкъара мотт карон а. Делахь а школин директора дика Iуналла дора мехкарийн, гIо лоцура мел кIезиг долчунна а тIехь.
– Цхьа ах шо даьлча, 5-чу школин директора шайн хьехархо яийтира со йолчу, балха дIакхойкхуш, – елакъажарца дагалоьцу Нинас, – схьахетарехь, эхашарахь юьртарчу школехь болх бича, со дохкояьлла хир ю аьлла хеташ хилла хир дара цунна. Ткъа со оцу эхашарахь мелхо а берех а, балхах а, юьртах а дIайоьллера. Цхьана класса чохь 36 бер а долуш, шиъ 4-гIа класс яра ас лелош. Хьалха журналан хьалхарчу агIон тIехь хуьлура берийн фамилеш дIаязйина. ВаллахIи, аьхкенан каникулашна со цIа яхча, сайн берех муьлхарг муьлхачу номерца дIаяздина ду ма хаара суна, фамилеш, цIерш-м хIетте а хаара! ШолгIачу шарахь «0» класс кхечира суна. Бераш дерриш а деша лууш, керланиг довза лууш дара. Яздан а, деша а дуьйладалале стихаш, эшарш Iамийнера ас царна. Дерриш а цхьана могIара дIахIуьттий, урамновкъахула эшарш лоькхуш, экскурсе хи йисте, хьуьнха, некъа йисте оьхура тхо.
Башха хан яра! Муьлхха а дезачу деношкахь цхьаьна хуьлура тхо. ХIинца «сан бераш» денаной, дедай бу, амма цхьаьнакхетча, соьга билгалъяло церан берийн амалш. ТIемаш дIабирзинчул тIаьхьа цхьаьнакхеттера тхо, шайн бераллин зама дагалоьцуш цара а, уьш муха бара ас а дуьйцуш дехха Іийра тхо. Цу дийнахь дукха йийлина мочхалш лозуш яра со. Халахетарш а дера дара: масех а къаьстинера тIом бахьанехь а, аварех а, лазарх а.
Нина Ильиничнин дешархо хиллачу Абдулмуталипова Ларисас дийцарехь, цуьнан урокашкахь театре дахча санна Iара бераш. Хьехархочо тайп-тайпанчу аьзнашца доьшура туьйранаш, дийцарш, басняш. Ткъа директор воккхавийна а ца волура шен школехь иштта хьехархо хиларх. Кхуьнан урокашна даима реза хуьлуш а, кхечаьрга кхунах Iама бохуш а хуьлура иза. Дуьххьарлера «0» класс школа чекхъяккхалц лелийра Нинас, цул тIаьхьа хийла классаш а хилла кхуьнан куьйгаллехь, амма цара кхуьнан дахарехь а, дагахь а шайн-шайн меттиг дIалаьцнехь а, иштта дагах хьаькхна ца хилла царех цхьа а.
Ткъа хIара квартирехь Iачохь а дика зуда ю олий хастайора лулахоша, меттан кIайн хIуманаш лелош Iедал дара йоьIан, уьш кхехкайой, кIаййой, корера кисеш а, гIайби лоччарш а, шаршош а крахмал тухий ухкура мохе якъаялийта.
ГIуллакхна мало йоцуш а, балхаца ларош а йолу йоI дукха хан ялале шаIмиюьртахойн ХамзатовгIеран нус хилира. Нинас тIелецира шен керлачу доьзалан гIиллакхаш.
– Мардеца, марненаца мотт карийра суна, – дуьйцу Нинас, – кхача кечбан хаьара суна, амма галнаш ян ца хаьара. Цкъа цIахь стагга а воцуш, жижиг-галнаш дан яй оллийтира дадас соьга. ГIеххьа йоьхна хьийзаш яра со, мел гIоьртича а галнаш ца нислора сан. Дадас схьагайтира суна галнаш муха ян еза. Тхоьца Iаш марненан нана яра. Цхьа башха адам дара иза! Дала гечдойла цунна. Цо Iамийра со етт муха оза беза. Цкъа гинарг дика схьалоцура ас. Боккхачу доьзалехь кхиъна йолу со гIуллакхна тIера яра. Ткъа шен гIуллакх дийриг дукхавезара юьртарчу бахархошна. Ала деза, нохчийн къоман гIиллакхаш ца девзара суна, бакъду, сайна хьехар дина, иштта хила деза аьлларг схьаоьцура. Бакъдерг аьлча, йовлакхца гергарло дацара сан, амма хIусамда эскаре вигича, иза а тIетиллира ас.
Ши йоI, цхьа кIант кхиъна Нинин, Султанан доьзалехь. ХIинца уьш кхин а стамбелла. 12 берийн бер ду церан. Кхиа дуьйладелла церан бераш а. Шайн хьуьнаре юьртахо дика евза ШаIми-Юьртахь. Иза церан диканехь а, вуонехь а ю. Школехь болх а беш, цо чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Дуккха а шерашкахь лакхарчу классашкахь оьрсийн мотт, литература хьоьхуш ю иза. Тхойшиннан къамелехь юх-юха а шен дешархой буьйцуш хазахета Нинина:
– Оццул дукха шераш дIадевллехь а хIора шарахь сан марха къобалдан вогIу Касаев Аслан, Тепсуркаев Салавди, Аслаханов Нажавди, Гаршуев Сайд-Эми, иштта дуккха а кхиберш а. Сан тIаьххьарчу II-чу классехь а дара дика бераш. Бакъдерг аьлча вуон бераш сан наггахь а ца хилла. Жимма партала а, карах ца долурш а хилла, амма муьлххачеран а деша дезна, шен декхар кхочуш ца дечуьнца – ткъа, берийн декхар дешар ду – «тIом» латто кархдолу сан, – йоьлу Нина.
Иза «Къинхьегаман ветеран» ю, 1973-чу шарахь дуьйна «Лаккхара хьехархо» цIе лелош а ю. Дуккха а шерашкахь юьхьанцарчу классашкахула директоран заместитель а, лаккхарчу категорин хьехархо а ю иза.
Школин директора Саралиев Солсбека дийцарехь, юьхьанцарчу классашна сагатдан дезаш ца хуьлу цуьнан, Нинех тешна дерг ледара дуьсург цахиларх тешна хуьлу иза даима.
Тахана а дуьххьарчу дийнахь санна, шен школехь къахьоьгуш ю Нина. Цунах даьллачу беркатна, ШаIми-Юьртара школин коллектив стамъелла цуьнан доьзалера кхин кхо хьехархо тІе а кхетта. Цуьнца цхьаьна кху школехь хьехархой бу йоI Роза а, цуьнан йоI Элина а, кIентан зуда Аза а.
– Дала могашалла лахь, ас хІинца Iамош долу бераш (уьш 8-чу классехь ду) школа чекхъяккхалц дIадига хьожур ю со, – боху цо.
Ткъа мел дика цIенана ю Нина, иза евзачарна дика хаьа. Цуьнан кертахь цхьа а лаьттан коржам ца хуьлу хасстоьмаш ца кхуьуш. БIаьстенца дуьйна шайн кертара хох, хорсам, жIонка, картол, наьрс, помидор, цIазам, лаьтто схьа мел лушъерг яа таро хуьлу церан. Ала дашна, цуьнан дукхахболчу лулахойн керташ, бошмаш дIатесна лаьтта. Ткъа Нинас дуьйцу:
– Iуьйра ламазна хьалагIаьттича, юха дIайижа карх ца долу сан. Юха дIавижча, дегI духий, вуон ма хуьлу. Сайн кертарчу хасстоьмашка «хабар» а дуьйцуш, балха дIайоьду хан тIекхаччалц, цаьрца йоллуш хазахета суна. Шен лаьтта тIехь, шен куьйга кхиийнарг мел хаза чам болуш хуьлу. Иза стоьла тIе юьллуш а, сагIина дIасакховдош а юьхькIам хуьлу.
Дукха жима йолуш дуьйна а ШаIми-Юьрта еана, кхунах шен Даймохк а, децIа а дина еха Хамзатова Нина. Цунна баркалла баха ца кІордадо юьртахошна, 52 шарахь церан хааршна гIаролехь лаьттина а, лаьтташ а ма ю иза.
Дала могашалла лойла цунна, доьзалехь ирс-аьтто хуьлуш ехийла иза. Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: хьехархой
Хамзатова Нина а, цуьнан йоI Роза а, цуьнан йоI Элина а.