Нохчийн Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан 93 шо кхечи тахана, 23-чу апрелехь. Газетан дуьххьарлера цIе хIун хилла, цуьнан куьйгаллехь муьлш лаьттина а яздеш, историга кхийдар дац вай тахана. Тахана вайна довза лууш дерг, республикин бахархошна, къаьсттина нохчашна «Даймохк» газетан хьокъехь хетарг а, церан кхетамехь кху газето дIалоцу меттиг а йовза лаар ду. Цунна лерина республикин махлелоран «Беркат» туьшан кертахь оха бахархошка хаттарш дар дIадаьхьира. Наха «Даймехкан» хьокъехь дийцинчух уггаре а тхайна мехала хетта долу жоп, къамел довзуьйту оха.
– Даймохк бохучу дашо стенан ойла кхуллу хьан кхетамехь?
– Даймохк аьлча, суна уггаре а хьалха лаьмнаш а, вайнехан духарш дуьйхина къаной а, бIаьвнаш а дагайогIу. Иштта цIе йолуш газет дуйла а хаьа суна. Аш эхье а ма лорийла, амма ас иза тIаьхьарчу шерашкахь дешна дац. Тахана сан кхетам сискал яккхарна тIебирзина бу. Делахь а, чуьрчу доьзалхошка ас «Даймохк» газет а, нохчийн маттахь йолу книгаш а йоьшуьйту. Цунна тоьшалла а далор ду ас: «Ша верг дуьненан йистехь а ву нохчи» боху статья яра мацах цу газетехь зорбатоьхна. Иза юх-юха а ешийтина ас цаьрга. «Ша ца дийриг кхечуьнга де алар атта хуьлу» бохучуьнца доьзна хила а тарло иза, – боху совдегар йолчу М.Уцаевас.
– «Даймохк» газет дуьйцуш хезний хьуна? Цуьнан 93 шо ду кхочуш…
– Я дуьйцуш а ма ца хезна, я аш хIинца цуьнан цIе ца яьккхинехь, хезар дара ала меттиг а ма яцара. Муьлххачу а нохчичунна мехала а, хьоме а йолуш, мел хаза цIе ю цуьнан. ХIета, нохчийн маттахь а хир ду иза. Таханлерчу дийнахь нохчийн маттахь арадолуш газет а делахь, цу газетан, аш ма-аллара, 93 шо кхочуш а делахь, суна дозалла ду иза. Айса, сайн жималлехь, нохчийн меттан дуьхьа къахьега таро йоллушехь (да хилла цуьнан нохчийн меттан хьехархо), кхин некъ хаьржина хилар хIинца а баттамал ду суна. Цундела, цу газетан белхахой, нохчийн меттан хьалха лаьттина долу, сан декхарш а кхочушдеш бу аьлла хета суна. Нохчийн меттан бIаьхой лара мегар ду-кх уьш. Дала кхидIа а нохчийн меттан дуьхьа къахьега хьуьнар лойла царна, – элира йохк-эцаран декъехь сискал яккха гIерташ, тасаелла йоллучу йоккхачу стага З.Моргашвилис.
– Ахь бийр барий нохчийн меттан газетехь болх?
– Журналистикин декъехь ца го суна сайн дахар, ткъа нохчийн маттаца йоьзначу журналистикехь хIетте а. Амма, суна нохчийн мотт ца беза бохург а, я со цунах къехка бохург а дац иза. Суна иза, ма-дарра аьлча, хала хета. Схьаоьцур вай, масала, школа. Нохчийн меттан урокехь дешнаш легар алсам хуьлура тхан. Суна дожарийн хаттарш а девзара. Цхьадолу дош, оцу хаттаршца дуста а дустуш, легалора соьга. Амма цул тIаьхьа догIу дош иштта лега йоьлча, нийса ца хуьлура. Оьрсийн маттахь иштта «проблемаш» цкъа а ца хилла сан. Цундела, ас сайга хаьттича, нохчийн мотт хьехар кхин а алсам доккхур дара, – боху тахана Соьлжа-ГIаларчу цхьана техникумехь доьшучу С.Яхъяевас.
– «Даймохк» газет девзий хьуна?
– Девза. Ас школа чекхъяьккхина цхьа шо бен дац. Цундела суна дика дагадогIу, школехь нохчийн меттан, литературин урокехь тхан хьехархочо цхьаболчу яздархойн биографи юьйцуш, цара нохчийн меттан газетехь болх бина хилар а билгалдаккхар. «Тахана иза «Даймохк» газет ду. Доьший аш иза? Ца доьшу? Эхь ду шуна!» олура цо тхоьга хIоразза а, – аьлла, жоп делира С.Яхъяевас тхан шолгIачу хаттарна.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: «Даймохк» редакцин белхахой
№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо