Вайн къоман бахам – иза уггаре а хьалха вай ненан мотт бу. Хазахета, нохчийн маттах марзо эцна а ца Iаш, цуьнца шайн дахар доьзна адамаш хилча.
Царах цхьаъ ю Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин исбаьхьаллин программийн редакцин корреспондент Сулейманова Разет. Школехь доьшучу хенахь дуьйна, «Со воккха хилча лор хир ву», «Со йоккха хилча хьехархо хир ю», бохуш, жимачохь цхьацца ойланаш йо вайх хIорамма а. Иштта Разетан а бара цхьацца сатийсамаш. Бакъонаш ларъяран органашкахь болх бан дог-ойла яра цуьнан. ХIетахь цунна дагахь а дацара, кхолламо шена кечбинарг кхин некъ хилар. Тахана ойла йича, цунна хаьа, нохчийн маттаца болх бан шен аьтто хилар – иза дахаро шена кечдина хилла совгIат дуй. 
Веданан районерчу Дишни-Веданахь йина а, кхиъна а ю Сулейманова Разет. Иза дуьнен чу яьлла 1973-чу шеран 21-чу ноябрехь. Боккхачу доьзалехь хьалакхиъна иза. (Церан доьзалехь 5 кIант, 2 йоI ю) Шайн юьртарчу №2 йолчу школехь дешна цо. Школехь доьшучу хенахь марзбелира цунна нохчийн мотт. Нохчийн меттан хьехархочо, ненан мотт дика хаарехь, даима а билгалйоккхуш хилла йоI, иштта, нийсархошна масална хIоттош а хилла. Нохчийн литература къаьсттина дукха йоьшура Разета. 1991-чу шарахь школера дешна елира иза. Лакхарчу дешаран заведенехь деша лаьара цунна, амма, хIетахь вайн махкахь хала хан хиларна, оццу шарахь деша яха таро ца хилира цуьнан. Цул тIаьхьа масех шо а делира…
1996-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте (хIетахь институт яра) филологин факультете очни отделене деша яхара Разет. Цигахь дешна яьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу берийн беша балха яхара. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Разетан гергарчу йоIа цуьнга хаийтира, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин радиохь белхахо оьшуш хилар а, кегийрхошна юкъахь дIахьош конкурс хилар а. Иза шена хезча, цунах боккха кхаъ а хилла, Разет цига стажировке яхара. Иза санна, радиохь болх бан лаам берш кIезиг бацара. Тайп-тайпанчу теманашна лерина радиопередачаш кечйойтура цаьрга. Цигахь Разетана хазахетарг дара, ненан маттахь ша яздинарг вайн республикин бахархошка дIакховдо йиш хилар. Цунах самукъадаьлла яра иза. Разет стажировкехь яра луларчара, бевза-безачара «Радио чухула ма хезира тхуна хьан аз», бохуш, цуьнга кхаьънаш даха долийча. Вайн халкъ махках даккхарх лаьцна яра Разетан духхьарлера радиопередача. Конкурсан жамIаш динчул тIаьхьа, цуьнга хаийтира радион аналитикин редакце балха иза схьаэцна хилар. Иштта дIаболийна цо журналистикехь болу некъ. Цу новкъа иза яьккхинарг – ненан матте болу безам бара. «Республикин дахар», «Могашалла» цIерш йолу радиопередачаш дIахьош яра иза.
Иштта радиохь ялх шарахь болх бира цо. Цул тIаьхьа, телевиденин исбаьхьаллин программийн редакце дехьа яьккхира Разет. Кхузахь а цунна гIо динарг нохчийн маттаца йолу уьйр-марзо яра. «Исбаьхьаллин хазна» цIе йолу телепередача дIахьош яра иза.
«Передача даима ма-хетта хаза а, дика а ца нисло. Иза хазъярехь цхьана автора дакъалаьцна ца Iа. Съемкаш еш волчу операторах а, монтаж еш волчу монтажерах а йоьзна ю передачин хазалла», – боху Разета. Цхьана передачин автор хилла ца Iа иза. Разета дIахьо «Заманан йохаллехь» цIе йолу передача. Яртийн исторех лаьцна ю иза. Ткъа шайн яртийн истори хууш берш дукха бац вайна юкъахь, цундела, «Заманан йохаллехь» передача кечъян хала ду. Иштта, баттахь цкъа «Исбаьхьаллин хазна», хIора кIирнах цкъа «Заманан йохаллехь» передачаш дIахьо цо.
Разет шен белхан накъосташна дукхаезаш хилар а, цара иза лоруш хилар а чIагIдора, цунах лаьцна довха дешнаш ала дукха хиларо. Разетах лаьцна иштта элира цуьнан белхан накъоста, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Тагаев Сайд-Хьасана:
«Разета телевидене балха еачахьана дуьйна ша дикачу агIор бен гайтина яц. Бакъйолчу нохчийн йоьIан амал ю цуьнан. ГIиллакхе, оьзда ю. Суна цуьнгахь уггаре а дика хета ша юьхьарлаьцначу новкъахь дуккха а къахьега цуьнан лаам хилар».
Нохчийн маттахь Разета болх бен 11 шо хан ю. Тахана а, майрра нохчийн мотт шена хаа ала ца хIутту иза. Цунна хаьа, адам денна а кхиадезаш хилар а, керланиг довза дезаш хилар а. Шен ненан маттахь передачаш кечъеш ша хилар – ирс хета цунна.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Сулейманова Разет
№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо