ПохIме Iилманча-методист вара Солтаханов Элбек

Юьхь-басна Элбек ца вовзахь а (ша вовзийта, гайта, «со-ас» бохуш, хьалха гIерта луучарех вацара иза), цуьнан цIе ца евзаш стаг-м дукха хуьлийла дац Нохчийчохь. ДIадаханчу бIешеран 60-чу шерийн шолгIачу эхангахь дуьйна схьа юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь яздан а, деша а Iамор цо язйинчу учебникашна тIехь ду.<4D6963726F736F667420576F7264202D20D1EEEBF2E0F5E0EDEEE220F4EEF2E

Солтаханов Элбек вина 1942-чу шеран 30-чу ноябрехь БердкIел юьртахь. Оцу юьртарчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо волуш дIаболабо цо шен къинхьегаман некъ а. 1962-чу шарахь иза балха хIутту хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институте. ХIетахь дуьйна схьа цуьнан дахар оцу институтаца а, ткъа иштта РФ-н къаьмнийн школийн Нохч-ГIалгIайн филиалаца а (хIинца Дешаран гIуллакхийн институт) дозаделла дара. Бакъду, 1992-чу шарахь дуьйна Дешаран гIуллакхийн институтехь болх бар цо цхьаьнадалийра Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь юьхьанцара Iаморан методикин, педагогикин кафедрин куьйгалхочун даржехь болх барца.

1964-чу шарахь араелира Солтаханов Элбека язйина 3-чу классана лерина нохчийн меттан учебник. Оцу хенахь иза хьехаран а, Iилманан белхан а башха зеделларг долуш вацара, заочно Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь доьшуш волуш, хIинц-хIинца дешаран хьаьрмахь къахьега волавелла къона говзанча вара. Амма гуш дара иза похIма долуш а, болх бан мало йийр йоцуш а хилар. Цул тIаьхьа цо бинчу белхаша иза тIе а чIагIдира. ХIетахь дуьйна  цо арахийцира Iилманан 60 сов болх. Царна юкъахь ю 8 учебник, 12 хьехаран-методикин пособи, 6 дешаран  программа, юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран гIуллакхашна лерина дуккха а статьяш, магораш. Ма-дарра аьлча, дIадаханчу бIешеран 60-чу шерийн чаккхенера дуьйна схьа таханлера де кхаччалц юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь йоза-дешар Iамор Солтаханов Элбека хIиттийначу учебникаш тIехь ду. Нохчийн «Абатан» автор иза ву. 2, 3, 4-чуй классашна леринчу нохчийн меттан учебникийн а, оцу классашна леринчу дешаран книгийн автор а Элбек ву. Цул сов, оцу хIора учебникана хьехаран-методикин пособи язйина цо. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран программаш хIиттийнарг а иза ву. Хьехархоша, студенташа тахана а шуьйра пайдаоьцуш ю Э.Солтахановс З.Джамалхановца, У.Эжаевца цхьаьна язйина «Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш» методикин пособи.

1989-чу шарахь юьхьанцара дешар нохчийн матте даккха долийча, Э.Солтахановс дукха болх бира цунна оьшу хьелаш кхуллуш: нохчийн матте ехира «Математика», «Iаламдовзар» учебникаш, программаш хIиттийра, уьш хьехаран методикин бух кхоьллира. ХIетахь и гIуллакх дика дIа а доладеллера, цул тIаьхьа даьхкинчу хьовр-зIовре шераша юкъах ца дитинехьара, тахана, шеко йоццуш, юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь а хир дара, хIинца и хьахийча цхьаболчу, шаьш хьехархой хетачу нахана дегIе шийла хорша ягIахь а.

Дукха болх бира Элбека хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь а. Цо жигара дакъалоцура хьехархойн курсашкахь, семинарашкахь, мало йийр яцара мел генарчу школе ваха а.

Доцца аьлча, республикин халкъан дешарна дукха гIуллакх дина стаг вара Солтаханов Элбек. Кхин хIумма ца хилча а, цуьнан «Абатан» лорах йоза-дешар Iаморехь хьалхара гIулчаш яьхна эзарнаш нохчийн бераша. И тоьар ду цуьнан цIе  даиманна нохчийн къоман иэсехь йисийта.

Дуккха а шерашкахь цуьнца цхьаьна болх бина а, гергарло лелийна а волчу Арсанукаев Iабдуллас дуьйцу:

– Шеко йоццуш, воккха Iилманча-методист вара Элбек. Дуккха а шерийн талламийн буха тIехь цо билгалбаьккхира Iилманца  богIу аьзнаш-элпаш Iаморан некъ. Шен Iилманан талламашца цо чIагIдира нохчийн йоза Iаморан уггар эвсаралле некъ аьзнаш къесторан-цхьаьнатохаран метод хилар. Ша къаьсттина ала догIу цуьнан «Абатах». Нохчийн йозанан исторехь абаташ дукха хилла. Нохчийн дуьххьарлера абат П.К.Усларца цхьаьна Досов Къедас хIоттийна. Иза араяьлла 1962-чу шарахь. 25 стага масех кIирнах йоза-дешар Iамийна цуьнца. 1908-чу шарахь халкъан хьехархо, юкъараллин деятель хиллачу Эльдерханов Таьштамира хIоттийна абат. Мелла а хийцамаш бинчу П.Усларан алфавитца хIоттийна хилла иза. Iаьрбийн йозанан буха тIехь С.Гайсумовс хIоттийначу алфавитах пайда а оьцуш, 1920-чу шарахь керла абат арахоьцу Т.Эльдерхановс, А.Тучаевс. Еха ца хуьлу цуьнан оьмар а. Цул тIаьхьа юкъадолу «ШахIабан йоза». 1927-чу шарахь нохчийн йозанан бух латиници тIе боккху. Цуьнца керла абаташ юкъайовлу: цкъа хьалха М.Сальмурзаевн, тIаьхьо А.Мациевн. Церан коьрта билгало яра йоза Iаморехь дийнначу дешнийн методах пайдаоьцуш хилар. 1936-чу шарахь арайолу Ш.Тазуевн «Абат». 50-чу шерийн чаккхенехь, 60-чу шерашкахь вайн школашкахь пайдаийцира Ш.Тазуевн, А.Мациевн абатех. 1972-чу шарахь дуьххьара арахийцира Э.Солтахановн абат. Нохчийн йозанан исторехь уггаре а еха  оьмар ерг хилла иза, тахана а вайн школашкахь лелош ерг иза ю. Йоза Iаморехь зеделларг, хьехархошна хетарг тидаме оьцуш, шо-шаре тоеш, схьаялийра Элбека шен «Абат». Иза цуьнан дахаран доккха хьуьнар дара.

Хь.ДОВКАЕВ

 №46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: