уггаре а хьалха дан оьшург муха го хьуна?
Оцу хаттарна жоп далар дийхира оха цхьамогIа вайн махкахошка–Iилманчашка, яздархошка, хьехархошка, журналисташка.
Альбеков Нурвади, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Гуманитарни талламийн институтан нохчийн меттан, литературин секторан куьйгалхо:
– Уггаре а хьалха оьшуш хетарг компьютерни Microsoft программа нохчийн матте яккхар ду. Вайн зама компьютерийн зама ю. Цундела нохчийн мотт компьютерийн мотт хиларе кхача деза. Цуьнца доьзна кхочушдан дезаш дуккха а гIуллакхаш ду, уггаре а хьалха меттан орфографица дерг а къастош. Iилманийн академехь, цхьа Iалашо лаьцна, цу тIехь беш болх а бу.
Иштта оьшуш хета законодательни а, кхочушдаран а Iедалан официальни кехаташ (документаш) вайн республикехь лелаш болчу пачхьалкхан шина а (оьрсийн а, нохчийн а) маттахь хилийтар. И кехаташ, кечдешшехь оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь кечдан дезаш дара. Оцу гIуллакхо, нохчийн мотт кхиорна Iаткъам барал сов, нохчийн меттан говзанчаш кечбаре хьашт кхуллур дара.
Ахмадов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо, «Вайнах» журналан коьрта редактор:
– Уггаре а хьалха оьшуш хета берийн бошмашкахь Iамор а, кхетош-кхиоран болх бар а нохчийн маттахь дIадахьар. Вай дукха дуьйцучех ду юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь хилийтар, амма кхин йист йолуш яц оцу гIуллакхан. Берашна хуучу ненан меттан буха тIехь бен кхидолу меттанаш а, Iилманаш а (дешаран низамаш) Iамо йиш цахилар Iилмано тIечIагIдина а, дерриге а дуьнено тIеэцна а ду. Вайн къам кхалхоле хьалха вайн республикехь иштта хилла а ду. Кхин цхьаъ а дара суна чIогIа оьшуш хеташ: цхьа радио, телевиденин цхьа канал нохчийн маттахь хилийтар. И кхо гIуллакх вайга кхочушдаделча, сан кхетамехь, цо Iаламат боккха Iаткъам бийр бара нохчийн мотт кхиарна, делахь хIета, цуьнан кхане хилийтарна а.
Хабаев ИсмаьIил, журналист:
– Меттан кхиар хилийтарна дан оьшурш-м дукха ду, уьш меттан говзанчаша дуьйцуш а ду. Нохчийчоьнан пачхьенан урамашкахула хьо дIасаволавелча, хIара нохчийн гIала хиларан цхьа билгало ца го-кха вайна – и ду чIогIа новкъа дерг. ХIунда ца мега рекламин йозанаш нохчийн маттахь хилийта, тахана цунна дуьхьал хIума ма дац. Шого аьлла хетахь а, вай вешан меттан дай цахилар, яхь цахилар ду иза.
Iедалера гIо а ца оьшуш, вайна ваьш нохчий хетчахьана, нохчийн йозанашца къагалур ю вайга вешан коьрта гIала. Цуьнца вай тIекхуьучу къоначу чкъурана а, эзарнаш вайн хьешашна а гойтур дара вай вешан меттан сий-пусар деш хилар.
Iедалан агIонгара кхин а алсам къахьега дезаш хета нохчийн матте хьашт хилийтарна, оцу маттахь къахьоьгучийн сий-пусар айъарна тIехь.
Ткъа дийнна схьаэцча, хIора нохчичунна хIора де а Нохчийн меттан де хиларе кхача вайн ницкъ тоахь, нохчийн меттан кхане хир ю-кха, Дала мукъ лахь!
Саралиева Табарак, Нохчийчоьнан хьакъйолу журналист:
– Уггаре а хьалха оьшург вайна вешан мотт доьзалехь бийца оьшуш хилар ду. Тахана кхуьучу чкъуран къона, хьекъале дай-наной бу. Шайн беро муьлхха а мотт Iамор дозалла хета царна, нохчийн мотт цахилчахьана. Мотт Iемачу бере дукха баха а ца оьшу, цуьнан са кхуьу, шен дена-нанна муьлха мотт коьрта хета, цуьнан тидам оцу матта тIебоьду. Хенан йохалла, ишттачу берах да я нана хилча, цо шен бере нохчийн мотт ца Iамабайта гIерташ къа а хьоьгур дац, цунна и оьшур а бац.
Вайн школашкахь а, дешаран кхечу меттигашкахь а тахана мелла а Iамабо нохчийн мотт, амма жоьпалла кIезиг хуьлу оцу декъехь. Ледара хьехархо сиха билгалволу, цо Iамочу меттан мах а и ца Iамош биттал ледара хуьлу. Дешаран министерствон а, дешаран говзалла лакхаяккхаран институтан а, хIора а районан дешаран отделан а оцу агIор бечу белхан жигаралла лакхаяккха ницкъ кхаьчча, школехь нохчийн мотт хьехар оьрсийн мотт хьехаран хьоле кхочур дара.
Мусаева Асет, журналист:
– Нохчийн меттан кхане хир яц таханлерчу къоначу наноша иза шайн доьзалехь ца бийцахь. Цундела, уггаре а хьалха, хIора а нохчийн ненан декхар ду аьлла хета шен берана ненан мотт Iамо, марзбан, хазбан.
Цул тIаьхьа догIу пачхьалкхан Iедало мотт кхиорехьа дан деза гIуллакхаш. Республикин аэропортана а, вокзалашна а тIера дIадоладелла, некъ гайтаран ерриге а билгалонашна тIехь оьрсийн маттахь хилла ца Iаш, нохчийн маттахь а цIерш хила еза, хIунда аьлча, ненан мотт хиларал сов, пачхьалкхан мотт а бу иза. Цул сов, гIалийн, яртийн, церан урамийн, пачхьалкхан учрежденийн, бахархойн хьашташ кхочушдаран объектийн, сийлаллин меттигийн цIерш а нохчийн маттахь язйина хилча, вай долчу богIучу туристашна а хуур дара, шаьш кхаьчначу махкахь ненан мотт лоруш буй, цуьнан сий дой, кхузахь Iаш долчу вайна а, ур-аттал, мехалчу объектийн цIерш нийса язъян а Iемар дара. Ткъа коьртаниг – воьдуш-вогIуш дIасахьаьжча нохчийн йоза гуш хилча, бIаьргашна, синна там а хир бара, вайн ненан меттан кхане хирг хиларх дегайовхо а кхоллалур яра.
Хь.АБАЕВ
№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо