Мескитарчу школина А.Айдамировн цIе тиллина

Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Айдамиров Абузара болх бинчу Нажи-Юьртан районерчу Мескитарчу школина яздархочун цIе а туьллуш, мемориалан экъа туьйхира школин гIишлонна тIе. Историн маьIна долчу оцу хиламехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил.Айдамиров А.jpg  2

Айдамиров Абузаран йоIарий, жимах йолу Седа а, евзаш йолу яздархо Машар а яра школе еана. Дешархоша халкъан яздархочун байташ а,  романашна юкъара кийсакаш а йийшира. Хьехархоша а, дешархоша а дозаллица дуьйцура А.Айдамировс шайн школехь хьехархочун а, цул тIаьхьа, директоран а белхаш бина хиларх лаьцна. Министра И.Байхановс билгалдаьккхира: «Айдамиров Абузар нохчийн халкъана хала даьхкинчу шерашкахь, цуьнан историх, кхолламах бакъдерг дуьйцуш, шен Даймехкан дика а, вуо а дагца луьттуш ваьхна оьзда, хьекъале стаг вара. Цундела хилла Абузар нохчийн литературин классик, халкъана дукхавеза яздархо».

Мемориалан экъа дIатоьхначул тIаьхьа, А.Айдамировн цIарах йолчу литературин музей чу вахара И.Байханов. Яздархочо бина белхаш, дитина йозанаш, весеташ, шайна тIехь бIаьрг сацош долу кхин хIуманаш дукха дара музейхь. Иза Нохчийн къоман музейн филиал лоруш ю. Цуьнан директор Абузаран йоI Айдамирова Машар ю. 2006-чу шарахь схьайиллинчу музей чохь 400 гергга экспонат ю (книгаш, кехаташ, яздархочун куьйгайозанаш, зорба туху машен, цо лелийна духар) Нохчийн Республикин ерриге а школашкара хьехархой а, дешархой а кхача декхар долуш меттиг ю яздархо  ваьхна хIусам. ХIинца дуьйна дIа Мескетарчу школо Айдамиров Абузаран цIе лелор ю. Халкъана доккха дозалла а, юьхькIам а бу школина А.Айдамировн цIе тиллина хилар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Мескитарчу школехь

№46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: