Зорбанан цIийнехь – Нохчийн меттан денна лерина даздарш

Зорбанан цIийнан актови зала чохь тIекхочучу Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, радион а, телевиденин а векалша, иштта Дагестанера баьхкинчу нохчийн кегийрхоша а.IMG_1783

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу Умаров Джамбулата Нохчийн меттан дийно нохчийн халкъан а, мехкан а дахарехь дIалоцучу меттигах лаьцна дийцира.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIанта, Нохчийн Республикин Президента Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Указца дIакхайкхийна 25-гIа апрель, Нохчийн меттан де ду аьлла. Цул тIаьхьа 9 шо даьлла. Тахана вай тешна ду, нохчийн къоман мотт цхьана хорша а бирзина, кхидIа кхиаран новкъа баьлла хиларх. Цул сов, ала догIу, Нохчийн меттан де нохчийн махкана а, халкъана а уггаре а дезачу денойх цхьаъ хилла, дIахIоьттина хилар, – элира цо.

Цул тIаьхьа, Нохчийн меттан де лаккхарчу тIегIанехь даздаран хьокъехь республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн сацамца а догIуш, нохчийн маттахь яздечу журналисташна деза совгIаташ дира.

Иштта шина конкурсан жамIаш а дира цхьаьнакхетаран чаккхенехь: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос нохчийн маттахь тоьлла материал язъярна леринчу конкурсан а, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, республикин Iилманийн академис а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахарх а лаьцна тоьлла материал язъярна дIаяьхьначу конкурсан а.

Царна юкъахь толаман меттигаш яьхначарна деза совгIаташ а, дипломаш а делла ца Iаш, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо кху шарахь арахецначу Захаров Петран дахар а, кхолларалла а йовзийтаран книгаш а елира.

И.ИСЛАМОВ

 №46, шот, оханан (апрель) беттан 23-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: