Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан декъалдар

Лараме Мехкан Да Ахьмадан Рамзан!

Хьомсара махкахой!

Тахана исс шо кхечи вайн махкахь НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ билгалдоккхуш долу. Хийла зерех, халонех чекх а буьйлуш, вайн дайша бIеннаш шерашкахь кхиийна, йоI-бIаьрг санна ларбина, деши санна цIена вайга схьакхачийна нохчийн мотт кхидIа а иштта кхио беза, Iамо беза, баржо беза, аьлла, тIе мухIар тоьхна, нохчийн къомана ахь дина деза совгIат а, доккха беркат а ду Ненан меттан де кхайкхор, тхан лараме Паччахь Ахьмадан Рамзан!

Вайн хьалхарчу Президента, нохчийн къоман синкхетаман а, бусалба динан а мехаллаш дика евзаш хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Шен мотт боцург – къам дац!» – олий. Баккъал а аьлча, шен мотт хууш, буьйцуш воцург къоман бакъволу воI хила йиш а яц, я цунах патриот хир а  вац. Цундела юха а ала лаьа: дукха гена дIа а ца яханчу заманахь, Соьлжа-ГIалахь юкъараллин меттигашкахь я троллейбуса тIехь нохчийн маттахь вай вовшашка дистхилча: «Говорите на русском», – бохуш, Iиттарш а еш, ненан мотт ма-торру бийца а, Iамо а аьтто а боцуш леллачу вайна доккха ниIмат ду НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ хIора шарахь билгалдаккха таро хилар.

Iедалан лаккхарчу тIегIанехь, министерствошкахь, гIаланашкахь, кIошташкахь, хIора а юьртахь оцу денна лерина беш болу белхаш шо шаре мел дели совбуьйлуш бу. Иштта терго ю нохчийн маттахь арахоьцучу литературин, мотт талларна леринчу Iилманан белхийн, ненан маттахь болх бечу хаамийн гIирсийн.

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ а диллина, вайна и кхиорехь къахьега ерриге а таронаш кхоьллина волу сийлахь Паччахь Ахьмадан Рамзан делкъалван лаьа суна хIокху денца! КхидIа а вайн мехкан, пачхьалкхан чIагIаллин дуьхьа къахьега Дала тхуна дуккха а шерашкахь вахавойла хьо! Иштта декъалбо ас вайн берриге а махкахой! Иштта декъалбо ас республикин дозанал арахьа, юххерчу а, генарчу а мехкашка рицкъанаша дIасабигна, амма ненан мотт а, бусалба дин а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а лардеш бехаш болу берриге а нохчий. Иштта декъалбо ас нохчийн маттах шайн дахаран къилба а дина, дешарехь, Iилманехь, культурехь, журналистикехь шаьш-шайн ца кхоош къахьоьгуш берш а.

Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: