Хьоме махкахой!
Депутатийн корпусан а, сайн а цIарах Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикин берриге бахархой а. Нохчийн меттан дезде къастийна ду 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзанан Указца. Оцу хьекъалечу сацамца цо вайн мотт лараман а, сийлаллин а лаккхарчу тIегIане баьккхина.
Нохчийн мотт – иза вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амат ду. Кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман синъоьздангаллин билгало а ю иза. Ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу чкъурашка иза къоман синан тIаьхьало санна дIакхачор а – иза вайн деза декхар ду. Тахана и гIуллакх республикин куьйгаллин тергонехь ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дIадолорца хIиттийна ненан мотт Iалашбаран а, кхиоран а леррина йолу программаш. Иза бахьанехь жигарбаьлла нохчийн меттан хьокъехь болу талламан болх а, школашкахь а, лаккхарчу дешаран учрежденешкахь а лакхадаьлла нохчийн мотт а, литература а хьехаран тIегIа.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) ненан маттаца доьзна мел долчу хIуманан доккха маьIна дора. Цо гуттар а тергонехь латтабора нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а хьокъехь къахьоьгуш болу Iилманчаш, литераторш, журналисташ. Билгалдаккха догIу и болх тахана а лакхарчу тIегIанехь дIахьош хилар.
Хьоме доттагIий! Вай нохчийн мотт ларбан а, Iалашбан а, кхио а, вешан историна муьтIахь хила а, цуьнан баххийн ларам бан а декхарийлахь ду. Везачу Дала гIо дойла вайна цу тIехь. Дала тIаьхье беркате йойла!