Соьлжа-ГIалин Заводской районера Керла-Алды а, Черноречье а поселкаш йолчохь лаьттина ю БухIан-Юрт. Кхузарчу урамашна Советан Iедал долуш техкина цIерш карарчу хенан заманца йогІуш яц. Брянская, Кубанская, Воронежская, Ашхабадская, Цимлянская цІерш хийца езара. Кхузахь дехаш хилла шайн цIерш халкъана йовзийта хьакъдолу адамаш. Масала, Александр Чеченский. Россин эскарш чудаьхкича жима бер хилла иза. Схьалецначу берашна юкъахь къаьсташ а хилла иза. Раевски Николайна везавелла хинволу майра бIаьхо. Россе дIа а вигина, шен кIант санна Iалашвеш, кхиийна цо иза, Александр Чеченский аьлла цIе а тиллина, деша а велла. 1812-чу шарахь Францица бинчу тIамехь къонахаллин хьуьнарш гойтуш гIараваьлла Чеченский Александр инарла-майоран дарже кхочу. Фельдмаршална Кутузовна а ган лиъна и гIараваьлла майра нохчийн кIант.
Бусалба дин даржорехь БухIан-Юьртара Кавказан кхечу мехкашкахь а гIаравелира Шайх Мансур (Ушурма). Петербургана юххерчу Петропавловски гIопехь кхелхина иза, лаьтте дIаверзийначу коша тIехь экъа ю тIеяздина: «Шейх Мансур из Алдов» аьлла йоза а долуш.
Фашистски Германица хиллачу тIамехь хьалхарчу деношкахь дуьйна дакъалаьцна ву майор Закриев Шамсудди. Цул тIаьхьа Генарчу Малхбалехь разведчик хилла иза.
Къонахаллин хьуьнаршца гIараваьлла хилла капитан Расуев Герман Финляндица хиллачу тIамехь «Маннергейман гIап» йоккхуш къонахалла гайтина. 40 градус шело йолчу буса, йохийначу танка чохь когаш бахьийна воллушехь, пулемет етташ 73 мостагI вожийна цо. Госпиталера араваьлча Москварчу Кремле дIа а вигина Ерригсоюзни «старостас» Калинина куьг лоцуш, бIаьхаллин совгIат делла Майрачу танкистана. Фашистски Германи тIелетча, немцойн тыле воьдий мотоцикла тIехь разведка а еш, тIом бина ву иза мостагIашца.
Советски эскаршна гена доццуш четарш тоьхна охьахевшина немцой. Кутузов Хьасана буьйсанна, шеца дуккха а гранаташ йолуш, юххе тIе а вахана етта йолийна царна. Дийна бисинарш бевдда, дуккха а хIаллакьхилла. Советски Союзан Турпалхочун цIе тилла хьалхатеттина Кутузов Хьасан. Цуьнан бух теллина иза нохчи вуйла хиъча, орденца совгIат дарх тоам бина. Иштта къонахаллица чекхбийлинарш кIезиг бац юьртара.
Шайн цIерш йовзийта хьакъбу кхузара схьабевлла артисташ: Дениев Iальви, Эдисултанов ШитIа. Говза дош аларца, забаршца адамийн самукъадоккхуш бевзара уьш. Нахана дукхавезаш вара, дахарера дукха хьалхе дIавахана и шиъ. Дала гечдойла царна.
Карарчу хенахь могаш-маьрша вайна юккъехь ву халкъана везаш волу РСФСР-н а, Нохчийн Республикин а халкъан артист Дагаев Валид. Сагар дацахь а, массо а тезеташкахь, пачхьалкхан вовшахтохараллин гуламашкахь хуьлуш ву артист. Дала хан яхйойла цуьнан.
Вай лакхахь билгалъяьхначу нехан цIарах хила хьакъ бу Керла-Алда а, Черноречье а поселкашкара урамаш.
КУЗАЕВ Махьмуд
Алда поселкан вахархо