Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Шен Даймахке цIена, даггара безам хуьлийла дац, шен матте безам ца хилча. Нохчийн мотт вайн историх, къоман башхаллех, гIиллакхех, культурех дIакъасто йиш йоцу дакъа ду.Снимок

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо кест-кеста олура: «Ненан мотт ларар а, цуьнан сий-пусар дар а, безар а ша-шен ларар а, шен халкъ ларар а ду». Цо олура муьлххачу а халкъан коьрта билгало цуьнан мотт бу. Нагахь санна мотт дIабалахь, къам долчуьра дIадевр ду вай.

Тахана вай даздо оцу дезачу дийнан исс шо кхачар. Оцу шерашкахь иза уггаре а безачех хилла дIахIоьттина. Оцу дийнахь къаьсттина самукъане а, гIовгIане а хуьлу вайн гIалийн а, яртийн а урамашкахь. Массанхьа а забарш, мукъамаш, иллеш, беларш хеза, уггаре а коьртаниг – ненан мотт хеза.

Ненан маттаца экаме юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, бовзийтар, баржор, цуьнга марзо кхоллар вайн коьртачу декхарех цхьаъ ду, хIунда аьлча иза вайн культурин, къоман башхаллин бух бу.

Нохчийн мотт Iалашбархой а, баржорхой а ду вай. Цундела вайна тIехь доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам, цуьнан аьхналле марзо доьзалехь кхолла еза. ТIаккха вайн къоначу бахархойн дегнаш чохь, синошца хир бу иза. Ларбе иза, тIейогIучу тIаьхьенашка дIакховдабе!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: