цIе йолу суьртийн гайтам схьабиллина Эльдерхан-ГIалин музейхь
Хьалххе бинчу бартаца бекарг бутт юккъе баханчу деношкахь Нохчийн Республикин культурин белхахой цхьаьнакхийтира шайн корматаллин накъосташца ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан музейхь.
Вежарийн республикин бахархойн тидаме биллинера кхузахь схьабиллина болу Россин а, Нохчийчоьнан а культурин хьакъволчу белхахочун, суьрташдахкархочун Ильясов Адаман эбру жанрехь дехкинчу суьртийн гайтам.
«БIастенан садеIар» гайтам схьабоьллучохь маршаллин дош олуш бистхилира ГIалгIайн Республикин дешаран а, Iилманан а комитетан куьйгалхо Светличный Василий а, Эльдерхан-ГIалин
(Карабулак) администрацин куьйгалхочун заместитель Мартазанов Мохьмад а, ГIалгIайн Художникийн союзан куьйгалхо Мартазанов Муса а, поэтесса Льянова Марем а. Цара билгалдаьккхира, культурин некъашна дозанаш цахилар а, Нохчийчуьра художникаш хьеший боцуш, шайн вежарий хилар а, цаьргара дикачунна, керлачунна Iамар шайн корматалла лакхаяккхарна оьшуш хилар а.
ГIалгIайн Республикин культурин министран М.Б.Газдиеван цIарах хьешашка маршалла хаьттира музейн директора Тумгоева Любас. А.Ильясовна Республикин культурин министерствон цIарах Диплом а луш, совгIат дира. Гулбеллачарна эбру сурт дилларан мастер-класс елира А.Ильясовс. Цхьаьнакхетар дерзош, Нохчийн Республикин векалша баркалла элира хIусамдайшна вежарийн йовхонца шаьш тIеэцарна а, пачхьалкхан музейхь гайтам схьабелла аьтто барна а.
Шен къамелехь Ильясов Адама билгалдаьккхира нохчий, гIалгIай герггара уьйраш, гIиллакхаш, мотт а, цхьа дин а долуш вежарий хилар.
– Вайна юккъе мостагIаллин зайл тоха гIертачу экстремистийн лаам чекхбериг цахиларх тешна ву со, оцу гIуллакхана вежараллин уьйраш чIагIъяран тIай тиллина вай тахана, – элира цо.
Шен гайтамна юкъара музейна совгIатна масех сурт а делира художника.
Т.Саралиева
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо