С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь дахар даима а кхехкаш ду. Цхьа а кIира ца долу ала мегар ду, библиотекехь цхьаьнакхетар вовшах ца тухуш. Май беттан 19-чу дийнахь берийн библиотекин 70 шо кхочу. Библиотекин дахарехь иза боккха хилам бу. Юбилейна цара бечу кечамах дерг хаа лаам болуш оха къамел дира библиотекин директоран заместительца Хожаева Дешица.
«Библиотекин белхахой жигара кечам беш бу юбилейна. ХIара шо доладелчахьана дуьйна цунна лерина тайп-тайпана цхьаьнакхетарш а, «горга стоьлаш» а хилла. Масала, март баттахь «Берийн библиотекин селхане а, тахане а, кхане а» аьлла йолчу темина лерина «горга стол» дIаяьхьира. Цигахь берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс гулбеллачарна библиотекин истори йовзийтира 1990-чу шерашкахь дуьйна ша цигахь директор хилла хиларе терра дийца дуккха а дара цуьнан. Адамийн дахарехь библиотеко дIалоцучу меттигах лаьцна а дийцира «горгачу стоьлан» дакъалацархоша. Царах хIорамма а шайн къамелехь чIагIдира, электронни книгаш хьалхалерачаьрга кхочург цахилар», – дийцира Хожаева Дешис.
Иштта цигахь Д.Хожаевас шен докладехь билгалъехира библиотеко тIаьхьарчу шерашкахь кхочушйина яккхий а, мехала а проекташ. Ткъа и проекташ дукха хьолахь книгаш ешаре берийн безам кхолла Iалашонца юкъаяьхна ю. Шаьш муьлхха а программа дIахьочу хенахь, берийн самукъадаккхарца, церан ойла книгашна тIеерзо хьовсу библиотекин белхахой. Цундела, кечйина йолу программа кегийчу ешархошца ловзаран кепехь дIахьо белхахоша. Цо дикачу агIор тIеIаткъам бо берашна. Ишттачу некъаца берийн книгаш ешаре марзо кхуллу цара.
Юбилейна лерина шаьш схьаелла леринчу отделах лаьцна а дийцира Хожаева Дешис:
«Вайна ма-хаъара, доьшучохь я балхахь адам сиха кIадло, гIелваларал сов, коьртана ницкъ хуьлу. Школехь кегий бераш а кIадло. Урокаш чекхъевллачул тIаьхьа библиотеке книгаш еша ван дог догIург кIезиг хуьлу. Цундела, книгаш еша церан дог даийта а, цаьрга садаIийта а болчу лаамца оха схьаелла кечйина садаIаран чоь (релаксацин чоь). Иза май баттахь схьайоьллур ю. Берийн бIаьрг бузур болуш шатайпа кечйина ю и чоь, чоьхьа ма-веллинехь а самукъадер долчу кепара. Цу чу даьхкинчу берашна гайта охьа ехкина тайп-тайпана книгаш ю, коьрте садаIийтаран Iалашонца лерринчу программин мукъамийн дискаш ду. Релаксацин чоь схьайиллинчул тIаьхьа библиотекин ешархойн таро хир ю цу чохь садаIа.
Оха кхочушъечу проектех уггаре а мехалниг билгалъяккха луур дара суна. «Могашаллин абат» программа ю иза, наркоманина дуьхьал профилактика яран Iалашонца юкъаяьккхина йолу. Оцу программин гурашкахь библиотекин ешархошца дуккха а цхьаьнакхетарш дIахьур ду. Берашна къаьсттина пайдехь гIуллакх ду иза. Жимачохь дуьйна берашна «дика» а, «вуо» а бохучу дешнийн маьIна дуьйцуш ца хилча уьш даккхий хилча тIаьхьа хир ду».
Библиотекин 70 шо кхачарца доьзна дукха хан йоццуш кхин а цхьа «горга стол» хилира. «Берийн библиотека а, кху заманан ешархо а» аьллачу темина лерина яра и. Библиотекин белхахоша йийцаре йира тайп-тайпана теманаш, хIорамма шайна хетарг а элира. Масала, цхьа тема иштта яра: «Кху заманахь берашна планшеташ, телефонаш чохь электронни книгаш еша атта хета я зорбатоьхнарш еша лаьа?», иштта дIа кхин а.
Берийн библиотекин 70 шо кхачарна лерина Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис библиотеках лаьцна фильм яьккхина. Цу тIехь къахьегна евзаш йолчу Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста, оцу телерадиокомпанин исбаьхьаллин программийн редакцин корреспондента Алдамова Заретас.
Библиотекин куьйгалло а, белхахоша а бийриг кIезиг болх бац. Наркоманех долучу зуламех, некъан боламан бакъенех дерг дуьйцуш цхьаьнакхетарш вовшахтуху цигахь кест-кеста, ешархошна хазахетийта бевзаш болу нохчийн яздархой кхойкху, хIора баттахь шозза «Поэзин ноташ» («Поэтические нотки») программа дIахьо. Хожаева Дешис дийцарехь, берийн ойла книгашна тIеерзо йолчу Iалашонца вовшахтухуш ду и тайпа гIуллакхаш. И бахьана долуш де-дийне мел дели алсамбовлу библиотекин ешархой. Цаьрца хьоьгуш долу къа эрна а ца дов. Лаьа, берийн библиотеко кхидIа а бан лерина болу болх беркате хуьлийла.
З.ЛОРСАНОВА
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо