Каурнукаева Духижа дуьнен чу яьлла, вайнах цIерабаьхначу геннарчу Казахстанехь, 1954-чу шарахь. Нохчий цIабоьрзучу хенахь 3 шо бен ца хилла йоьIан. Вайн къомо шело а, гIело а, мацалла а лайна хилар баккхийчаьргара хиира цунна. 1961-чу шарахь 1-чу классе деша яхана. Школа уллохь хилла царна, хьехархой оьрсий хилла. Шена уггаре а дукхаезаш йолу нохчийн меттан урокаш хьехна волу Какаев Мохьмад йоIана цкъа а виц ца ло. Вайн меттан хазна, йоккхачу марзонца хIора беран дегнаш чу юьллура цо.
БархI класс чекхъяьккхича, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша яхара Духижа. Церан школера хIара цхьаъ бен яцара цига дIатасаелла. Иза чекхъяьккхина, шина шарахь юьхьанцарчу классашкахь болх биначул тIаьхьа заочно деша яхара йоI Нохчийн пачхьалкхан университете. Цо хаьржинарг филологин факультетан нохчийн меттан отделени яра. 1974-чу шарахь болийна хьехархочун некъ. 40 шарахь нохчийн матте дешархойн марзо кхуллуш, иза беза а, лара а Iамош, ТIехьа-МартантIерчу №5 йолчу школехь болх бина цо. Цу йоккхачу хенахь цо арахецна бIеннаш дешархой, кIезиг бац царна юкъахь нохчийн меттан говзалла хаьржина хьехархой а.
Духижас шен дешархошна даима а кIорггера йовзийтина нохчийн бартакхолларалла. Иза цунна чIогIа мехала хетта, хIунда аьлча, фольклоро йовзуьйту къоман истори а, хазна а, гIиллакх-оьздангалла а. Цо даима а дешархойн кхетаме кхачийна вайн меттан сийлалла. Делахь а, дуккха а меттигаш нисъелла цунна, дай-наноша журнала тIе «чеченский язык не изучает» язде бохуш. Иза чIогIа халонга а долура цунна.
Де-дийне, шо-шаре долуш едда йоьду зама. Цуьнца цхьаьна хийцалуш дIадоьду адамийн дахар а. Ахь дIадийначу хIуне хьаьжжина хуьлу ораматаш а. Аганахь долуш дуьйна Iамо беза берана шен ненан мотт, доьзалехь иза даима бийца а беза.
Тахана Духижа пенсехь ю. Шиъ доьзалхо ву цуьнан. КIант, Ставрополан Академехь юридически факультетан тIаьхьарчу курсан студент ву, йоI, йоьалгIачу классехь доьшуш ю.
ТIамо а, хено а, замано а адам хийцина, амма мотт бац хийца йиш йолуш. 40 шарахь берашна хьоьхуш ша бинчу балхе юхахьоьжуш, Духижина ша хьегна къа эрна ца хета. Иза йоккхае, цу ерриге а хеначохь, вайн берашна шен хилла ненан матте болу безам а, марзо а, гIиллакх-оьздангалла а дIакхачо шен йиш хиларх. Цуьнан хьаналчу къинхьегаман мах хадош хьехархочунна дуккха а Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а делла.
– Де дика дойла хьан, Духижа! – аьлла, воккхачо а, жимачо а шега маршалла хаьттича, дагна там хуьлу цунна. Довхачу дешнашца йоккху цуьнан цIе массара а.
Л.УМАРОВА
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо