ХIокху деношкахь Мосвка гIалахь дIаяьхьира Россин хьакъволчу спортан мастерна Б.М.Гуревична лерина греко-римски охьатохархлатарехула дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш яра 483 спортсменах лаьтташ 52 команда. Уьш бара: Беларусера, Гуьржийчуьра, Казахстанера, ГIиргIизойчуьра, Литвара, Таджикистанера, Латвера, Молдовера, Польшера.
Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Вайн Республикера цигахь дакъалоцуш 11 спортсмен вара. Царна куьйгалла деш вара СССР-н хьакъволу спортан мастер Умаров Пайзулла. Йозаллин 11 категорина юкъахь вайн командо хьалхара ши меттиг яьккхира.
Касумов Мохьмад (63 кг.) – ШВСМ, Хаджиев Мохьмад (120 кг.) – ву и шиъ. Турнирехь тоьлла спортсменаш Россин вовшахтоьхначу команди юкъабохуьйтур бу. Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна болу тренерш: Н.Исаев, М.Мутаев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
М.БАЙБАТЫРОВА
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо