Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназехь «Дешаран дикалла а, чулацам а» темина Iилманан-практикин семинар хилира. Цигахь дакъалоцуш, Москварчу школийн директорш а цхьаьна, цхьа бIе гергга говзанча вара. Тренингаш, мастер-классаш гайтира Москварчу хьешаша семинаран дакъалацархошна. «Комплекс я организаци», «Программа. Таронаш а, дерг а», «Терахьийн школин дикалла», «Стенна оьшу дустарш», «Керлачунна Iамар». Иштта яра дешаран белхахошна йинчу тренингийн цIерш.
Заманан керлачу лехамашца йогIу дешаран методика йовзийтар яра семинаран Iалашо. Нохчийн Республике баьхкинарш Москва гIалин уггаре а тоьллачу школийн директорш а, хьехархой а бара. Нохчийн хьехархошна дуккха а керланиг а, пайдехь дерг а девзира шайн белхан накъосташкара. Делигацина куьйгаллехь хиллачу Москва гIалин мэрин Дешаран департаментан директоран заместитела Васильева Татьянас билгалдаьккхира, нохчийн хьехархой шайн болх дика бевзаш, похIма долуш хилар. Семинаран болх берзийча республикин коьртачу шахьаран урамашкахула экскурси йира хьешаша. Керла гергарлонаш тасаделира нохчийн а, Россин Федерацин пачхьенан а хьехархошна юкъахь.
ЯХЪЯЕВА Зайнап
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо