Хи йистехь ойланаш…

IMG_4920

Дахар-м доьду сихачу боларца. ХIора дийнахь адамаш а ду дIасалелаш, дахарал а сихделла. Берийн беше, школе, институте, балха, базара, гергарчаьрга – массеран а шайн-шайн ду некъаш. Амма латта-м цхьаъ ду. Цхьаъ ю Соьлжа-ГIала а.

Дахаран сихаллехь, дуьненан хьашташа бовдийна лелачу наха-м терго а ца йо гонахарчу Iаламан. Терго ца йо башхачу хазаллица бузучу, гIоттучу малхан, некъа йистехь даьллачу жимачу зезаган я бIаьстенан юьххьехь башха эшарш лекха дуьйладеллачу олхазарийн. Иштта, цхьаммо а терго ца еш, гIийлачу техкарца охьадоьду Соьлжа а. Дийнахь уьттазза тIай тIехула машенашца я гIаш дIасалеларх, цу бухахьула охьадоьдуш хи хилар дага а ца догIу. Бакъдерг аьлча, ас а ца йора цуьнан ойла.

Ткъа Соьлжа-м доьду гIийла… Иза кийча ду хьуна дика накъост хила, хьан гIайгIа-бала шеца дIабахьа, хьоьга шен дагахь дерг дийца а. Iаламна герга хила луучунна муьлхха а некъаш карадо. Машенаш я адамаш дIасалелаш доцуш, цхьа жима тIай ду Соьлжи тIехула тиллина. Цу юккъе дIа а хIуттий, корта чу а кхозош, хи чу хьоьжу хьо. Цхьа минот, шиъ, кхоъ… Хьуна дуьненахь кхин цхьа а хIума ца хеза, башхачу мукъамца гIовгIа еш доьдучу хил сов. Хьо хикеманахь хица охьанехьа воьдуш санна хетало, ткъа хи боккха хIорд болуш санна хета. Ахь шега дагардийцарх самукъадолий, ша тешаме доттагI хилар гойтуш, тулгIенашца керчош, хьан ойланаш дIахьо цо генна, цхьанна а гур йоцучу…

Лаамаза дагайогIу юьртахь д1аяхана бералла – гIайгIа йовзаза хан. Аьхке йолаелла аьлла хетале, хи чохь лийча дуьйлалора бераш. Дай баьхначу юьртара Нуьттаха… Цунах-м Iаба а ца Iебара, дийнахь сарралц лийчарх. Бакъду, махкахь хилла тIемаш, къизаллаш бахьанехь хеназа даккхий хила дийзира нохчийн берийн. Самукъадаларца цхьаьна гIайгIане ойланаш а йогIура Даймахке юхадирзинчу кегийчу дегнаш чу. Ишттачу меттехь даима карайора хьоме хийист. Берда тIера когаш чу а кхозийна, доьдучу хине халахетар, гIайгIа-бала буьйцура. Цу хинан башхачу мукъамехь карабора синтем а, паргIато а.

Иштта, тахана а лаьтта со, хIетахь Нуьттахе санна, Соьлжане сайн ойланаш юьйцуш. Суна хаьа, шех ас тешийначу, чов хиллачу сан дагна цо дарба дийр дуйла. Хьажал хьо, сихачу боларца доьдучу хIокху дахарехь цхьа сахьт хан караяй, хи йисте а гIой, цо хьуо тIе муха лоцу…

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: