Вовшийн гIортораш

Герга деана хилла марха досту де. Сингаттаме хилла Iабдуллин зуда: сагIина екъа хIума эца а, шен нийсархой санна, керла тIедуьйхина кIант кечван а таро ца хилла цуьнан. Оцу муьрехь керара нахарташ чекхъевлла, хилла уьш.

Цхьана буьйсанна, наб ца кхеташ, ойланашка яхана Iачу зудчо  цIийндега аьлла:

– Йоккха юьхьIаржо ю хьан исраф  бахьанехь вайна тIейогIуш, кхидерш-м хьехор а дацара, мархин сахь даккха а аьтту бац-кха вайн. Хьайн доттагIашка орца даккхахьара ахь.

– Хьуна ма-хаъара, – аьлла  цIийндас, – ас вайн цIенна тIедогIу рицкъ вайл а хала бохкучарна дIадоькъуш ду. Иза исраф ма да дац, зуда.

ТIаккха тIетоьхна:

– Iуьйрре цхьа жимха вохуьйтур ву ас Хьашим волчу. Орцах ца волуш Iийр вац иза.

Хьашим кхечу юьртахь вехаш хилла.

Шен йоьхна таро ялхо жимха вахийтина цо Хьашим волчу. Суьйранна цIа кхаьчна жимха.

– ХIара тIоьрмиг хьоьга дIало элира Хьашима, – олуш, жимачу стага дега дIакховдийна цхьа ларча.

– Дела реза хуьлда хьуна! Доккха гIуллакх ду ахь динарг, – олуш, мискачу беркатах а кхетийтина, дIавахийтира цо иза.

Бертиг а яьстина, чу а хьаьжна, дагардича, итт деши карийна Iабдуллина. «Сайн аьтту боллучул гIо лоцу ас хьан», – дагадеара цунна жимачу стаге Хьашима шега дIаала аьлла даийтина хабар.

– Веза-Воккхачу Дала шен беркатах ца дехи вай, – зудчуьнга дIахаийтира цо Хьашима итт деши даийтина хилар.

– Дела реза хуьлда цунна! Дала беркат ма эшадойла цуьнан цIен тIехь! – йоккхаеш хьаьвзира хIусамнана. – Кхана Iуьйранна базара гIур ду вайша.

Амма Iуьйранна хIорш новкъабовла кхиале, кхеран ков тоьхна цхьана жимачу стага.

– Со хьан доттагIчо Асамата ваийтина, – аьлла веанчо. – Декхар дIатокху хан тIе а кхаьчна, дан амал доцуш висина ша бохура цо. Таро елахь, гIолацар доьху Асамата.

Чу а вахана, итт деши чохь долу тIоьрмиг арабаьккхина цо. Иза жимачу стаге дIа а кховдош, аьлла:

– Кху цIен тIехь дерг хIара деши ду. ХIокхара хьалхавоккхур вац техьа Асамат декхарх? Соьгара доккха маршалла а дIало цуьнга.

Яппарш яран меттана, шен  цIийндех дозалла деш, зудчо аьлла:

– Нийса хIума ду ахь динарг. Бакъволу доттагI иштта хила а веза. Мархина цхьа лол тухур бу вай. Ткъа вайн кIант жима ву, цунна шен коч-хечий тоьар ду. Делан диканах дог дуьллур дац вай. Са ма гатде ахь.

Суьйранна хIокхаьрга хьошалгIа воьссина Хьашим.

Мухха а шаьшшиъ паргIатваьлча, Хьашима деши долу тIоьрмиг дIа а гойтуш, хаьттина Iабдулле:

– ХIара буй ас хьоьга баийтина тIоьрмиг? – аьлла.

Iабдуллина бевзира иза.

– ХIара бу, – тIечIагIдина цо. – Ахь кху чохь итт деши даийтира суна.

– И итт деши хIинца а кху чохь ду. Асамата баийтира соьга хIара. Ас хьоьга даийтинарг тIаьххьара деши дара. ТIаккха ас Асамате хабар туьйхира, хьайн аьтто белахь гIо дахьара, аьлла. Цо хьоьга орцадаьккхина хилла, шегахь а къоьлла хиларна. Ахь цуьнга дIадахьийтина хилла ас даийтина итт деши, цхьа а буха а ца дуьтуш. Ткъа цо, ахь шега санна, соьга схьабаийтира хIара тIоьрмиг. ХIаъ, вовшийн гIортораш ца хилча ца довлу вай.

ТIаккха:

– Вай кхоьллинчу Делор, Iабдулла, вайн цIен тIехь кхин шай ма дацара хьуна. Хиллехь, иза а кху чохь хир дара. Цундела цхьа хIума дийр ду вайшимма…

– ХIун? – сихха хаьттира Iабдуллас, и деши юха а шега кховдо-м ца воллу техьа хIара, аьлла, кхерам даг чу а тосуш.

– ТIекхочуш ду марха досту де. Вай кху деших кхо дакъа дийр ду: хьуний, Асаматаний, суний. ТIаккха массарна а гIуллакх а хир ду. Реза вуй хьо?

– Муха вац? – Хьашим чIоггIа маравоьллира цо.

Шайхиев Iалвади 

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: