Энахишкара – дог-ойла екхаелла

СЕРНОВОДСК ДЛЯ АЗЫ ГАЗИЕВОЙДуьнен чохь  ша  яьккхинчу хенахь,  цкъа  а  курорте  садаIа  яхана  яцара  Элистанжара Габаева Раиса. Цуьнан йиш  ца хиллера ков-керт  дитина  цига  яха. Юьртахь Iаш  волчу стеган  дан дезарш алсам ма хуьлу. Ткъа Раиса  жимачохь дуьйна гIуллакхана Iаламат  тIера  яра, ша ца динарг дош  хеташ а  яцара. Амма кху  шарахь бераш къар  ца  делла, дена, нанна путевкаш  эцна, Энахишка курорте хьажийра Раиса а, цуьнан  хIусамда Габаев Хаважи а. Царна  хьалха  а хезнера вайн махкахь Iаламат  дика  курорт ю бохуш. Доккхачу  дуьненан  массо  маьIIера  могашалла  тояре  сатесна  цига  схьагIерташ   адамаш  ду  бохуш  а. Делахь  а,  иза  Советийн  заманахь  дара. Ткъа  хIинца  вайн махкахь садаIа  а, галъяьлла могашалла меттахIотто  а,   иштта  тоьлла  курорт  хир  ю  аьлла  дага-м  ца  деанера  цунна. Энахишкахь  гинчо  Раиса  цецъяьккхира. Цкъа  а  тIом  ца  хилча  санна, хаза, куьцехь  кечйина  гIишлош, курортан  кертахь лаьттаха  бухдуьйлу дарбане хиш, ткъа уггаре  а коьртаниг, бIешарахь  хьо  варе  сатуьйсуш  Iийча санна, гIиллакхехь дуьхьал бовлий, дархой мерза  тIеоьцу курортан  лоьраша. Дархочун лааме  хьаьжжина  хуьлу  иза курортехь  дIатарвар  а. «Серноводск-Кавказский»  курортехь  люкс, полулюкс чоьнаш ю. ХIора  чохь а  телевизор, холодильник,  санузел, хIума  кхалла  стол, охьахаа гIант   ду. Маьнгеш-м  муххале  ду. Цхьана  а  хIуманна  сагатдан  ца  дезаш, шайн  коьртехь  шеф-повар  Астамирова  Роза йолуш,  Iаламат  дика  болх  беш  поварш бу  курортехь. Ишта-м  кхузахь  физиотерапин  кабинеташ, бассейнаш, дарбане хатт, солярий, тренажерни  залаш  ю. Ткъа  лоьрийн  дикалла  йийцина а вер  вац. Говза  а, къинхетаме а лоьраш  бу  «Серноводск-Кавказский»  курортехь  болх  беш. Курортан директора  Абдулаев  Шамхана  вовшахтоьхна Iаламат  говза а,  хьунаре  а  коллектив ю  кхузахь  лоьралла  деш. Къаьсттина  билгалъяккха  луур  дара Царева Елена. Шен  балха тIехь алсам зеделларг  долуш, дика  кхеташ.   дарба  лело  кIорггера  хаарш  долуш  лор ю иза. Габаева Раисина а, цуьнан  хIусамдена Хаважина а  лоьралла  деш  яра Елена. Цо лелийначу  дарбанах дикка  шайн  лазарш  дайделла хеташ  ду хIара  шиъ. Лоьро  динчу  дарбанел  мехала  хета  кхарна  цуьнан  багара  йолуш  хилла  мерза Iаь, адамалла, къинхетаме  хилар. Иштта, мерзачу дашца хьахайо цу шимма медйиша Музаева Залина. Дуьне  долийчахьана  вайн  дайша  билгалдоккхуш  хилла  хазачу  хабаро  лазар дайдеш хилар. Вайнехан гIиллакх-оьздангаллица  догIуш ду вовшашца кIеда-мерза хилар. Къаьсттина  товш  ду иза  лоьрашкахь. ГабаевгIара Iаламат  боккхачу лерамца йоху кхечу  лоьрийн  а,  медйижарийн а цIерш. Цара  дийцарехь, бевддий  бен ког  ца боккхуш, мичча  хенахь  а  дархойн  хьашташ  кхочушдан  кийча  хилла  уьш,  цара  цигахь  йоккхучу  хена чохь.  Царах бIаьргбуьзна  цIадирзина  воккхастаг  а,  цуьнан  хIусамнана  а. Цкъа  делахь –  шайн  болх  курортерчу  лоьрашна  безаш  хиларан  тоьшалла  ду  иза, шолгIа  делахь – шайн  сица, цIийца  уьш  оьзда  хиларана  тоьшалла  ду. Лаккхарчу  тIегIанехь  йолчу  корматаллица, доза доцчу  хьуьнарца  цецъяьккхина  «Серноводск-Кавказский»  курортан  белхахоша Элистанжара  яхархо Габаева  Раиса. Йоккхастеган самукъадаьлла могашалла меттахIотторан туьша  ша кхаьчна  а, иштта  дика, говза  адамаш довза шен ирс хилла  а. КIорда  ца  деш юх-юха  дуьйцу цо цигахь ша  мерза яьккхинчу  хенах лаьцна. ХIора  шарахь  а «Серноводск-Кавказскиий»  курортехь шайн могашалла меттахIоттаяйта дагахь  бу ГабаевгIар.

 

А.ГАЗИЕВА

 №41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: