ДадуевгIар Абу а, Рабу а

 1955-чу шарахь Казахски ССР-н пачхьенехь – Алма-Атахь – нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» газет. Цу хенахь иза политически доккха маьIна долуш дара нохчийн халкъана а, цуьнан хиндолчунна а. Газетан редакцехь вовшахкхеташ бара иза арахецаран корматалла, нохчийн меттан хаарш долуш а, нохчийн литература, фольклор, истори, гIиллакхаш, Iадаташ девзаш а, лардеш а болу нохчийн къоман интеллигенцин тоьлашха болу векалш. Царна юкъахь вара Дадуев Абу а, цуьнан хIусамнана Рабу а. ХIокху могIанийн авторна дуьххьара цигахь бевзира и оьзда доьзал. Редакцехь Абу литературин белхахо вара, ткъа Рабу – машинисткин болх беш яра. Иза дуьххьалдIа могIарера машинистка хилла ца Iара. Рабу лаккхара корматалла йолу говзанча яра. Цу хенахь иза наггахь бен хуьлуш доцуш, Рабу машинкин клавиатури тIе а ца хьожуш, «бIаьрзечу кепара» зорбатухуш яра. Цо бина болх, гIалаташ доцуш, цIена хуьлура. Кхин цхьа дикалла а яра цуьнан балхахь. Нагахь санна, газетан материал кечйинчо нийса ца яздинехь, я цхьадолчух нийса ца кхеттехь, Рабус нисдора и гIалаташ, ша уьш нисдаран бахьана авторе дIа а дуьйцуш. Дукхах болчу яздархоша а, Iилманчаша а цуьнга бен зорба ца тухуьйтура шайн материалаш. Рабу нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ, литература, ненан мотт, дахар дика девзаш а, даггара дезаш а яра. Цундела шайн белхаш цуьнга зорбатухуьйтучу авторшна чIогIа мехала дара цо шайн гIалаташ нисдар, билгалдахар.Снимок

ХIетахь редакцехь болх беш бара цIеяххана бевзаш болу журналисташ Габисов Бийсолта, Хасмагомадов Хьамид, Чалаев Билал, яздархой – Музаев Нурди, Хамидов Iабдул-Хьамид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iарби, Эдилов Хасмохьмад, Ахматова Раиса, кест-кеста редакцехь хуьлура Арсанов СаIид-Бей, кхиберш а. Хаалуш дара Абун оцу яздархошца алссам уьйраш, гергарло хилар. Цунна тоьшалла деш дара газетехь кест-кеста зорбаетташ хиллачу материалел сов, Абун исбаьхьаллин литературин жанрехь ерш – дийцарш, очеркаш, фольклоран материалаш, алсам арайийла юьйлаелла хилар. Ткъа нохчийн фольклор цуьнан гулйина дукха яра.

1957-чу шарахь меттахIоттийра Нохч-ГIалгIайн Республика, цуьнца цхьаьна юха а арахеца долийра нохчийн маттахь арахоьцуш хилла «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газет. Хьалха цIабогIучаьрца Нохчийчу юхабаьхкира ДадуевгIар а. ХIинца белхан меттиг харжаран ойла еш, хан ца йойъуш, «Ленинан некъ» газете балха хIоьттира Абу а, Рабу а. Газетан хьалхара номерш арахецарехь дакъалоцуш хилла ца Iаш, амма редакцин белхахошна чIогIа чолхе хиллачу оцу муьрехь белхан коьрта йозалла Абуна а, ткъа цуьнца цхьаьна тхуна а: Кагерманов Доккина, Дадашев Iабдуллина, хIокху могIанийн авторна, Джабраилов Мохьмадна, Батаев Мустапина, кхечарна а кхечира. Дукха хьолахь, шишша-кхоккха сменехь белхаш бора. Амма белхахойх цхьа а вацара пачхьалкхо йиллинчу хенал тIех болх бан дезарна резавоцуш, я белхан хан чекхъяьллачул тIаьхьа бинчу балхах ял ялар лоьхуш. Тхо тешна дара газет дIакъевлина а, нохчийн мотт-йоза кхиар сацийна а лаьттина кхойтта шо даьллачул тIаьхьа къомана нохчийн мотт, литература, гIиллакхаш довзийтарехь доккха маьIна лелош долу къоман газет арахецарца тхаьш мехала декхар кхочушдеш хиларх. Цунах оха дозалла а дора.

Абу редакцехь шен коьрта декхарш кхочушдарца цхьаьна тIаьхь-тIаьхьа алсам литературин кхолларалле кхийдаш вара. Газетан агIонашна тIехь тIеттIа алсам арадийла дуьйладелира цуьнан дийцарш а, очеркаш а, публицистически материалаш а, цо гулйина халкъан кхоллараллера материалаш а. Цуьнан кхоллараллина Iаткъам а бора, иза кхиа а йора Ш.Айсхановн, А.Нажаевн, С.Бадуевн, С-Б.Арсановн, кхечеран произведенеш ешарца а, цара дог-ойла гIатторца а. Абус гергарло леладора бевзаш хиллачу яздархошца Х.Ошаевца, М.Мамакаевца, I.Мамакаевца, I-Хь.Хамидовца, Н.Музаевца, А.Айдамировца, кхечаьрца а.

Абун произведенеш тайп-тайпанчу жанрашкахь язъеш яра: очеркаш, дийцарш, поэзин, халкъан кхоллараллин произведенеш. Уьш араюьйлура республикин «Ленинан некъ» газета тIехь а, «Орга» журналехь а.  Цо нохчийн маттахь язйина, арахийцира прозин гуларш: «Ишттанаш а хуьлу», «ТIаьхьа делахь а». Цо язйина, иштта арахийцира поэзин «Кавказан зIаьнарш» цIе йолу гулар, кхиерш а.

Абус а, Рабус а дуккха а шерашкахь гулйина, арахийцира нохчийн халкъан бартакхоллараллин произведенеш. Царех цхьаерш оьрсийн матте гочйина, коллективни гуларшкахь араевлира Москвахь, Ленинградехь, Соьлжа-ГIалахь. Уьш иштта тайп-тайпанчу гуларшкахь араевлла бартакхоллараллин баккхий говзанчаш С.Эльмурзаев, З.Джамалханов, И.Мунаев, Ш.Джамбеков, кхиберш а редакторш а болуш.

Абу а, Рабу а цIахь а, арахь а, балхахь а гуттар цхьаьна хуьлура. И шиъ вовшех къаьстина гина стаг каро хала дара. Гергарнаш а, белхан накъостий а боьллера церан вовшашца йолчу уьйрах, безамах, ларамах. И шиъ вовшех къасталур доцуш, цхьаъ дара. Цкъа а хезар дацара и шиъ вовшашка резадоцуш дистхуьлуш. ЦIеяххана вевзаш волчу иллиалархочо Дагаев Валида билгалдоккхура,ша дуьххьара корматаллин сцени тIехь аьлла долу «Бацалахь цIен зезаг санна…» цIе йолу илли Абус Рабуна яздина хилар. Шовда санна цIена, даггара бара церан вовшашка болу безам. ХIинца а бIаьргашна хьалха лаьтта и шиъ цхьаьна долуш, ойланца а и шиъ вовшех къаста ца ло. Иштта дисина Абу а, Рабу а гергарчеран а, накъостийн а иэсехь.

И доьзал вовшашца хилла ца Iара вовшийн ларам беш, вовшийн сий деш. Церан белхан накъосташа а, уьш бевзачара а билгалдоккхура, и шиъ шатайпа оьзда ши стаг хилар, нехан ойла ларамца шайна тIе яхийта хууш хилар. Оьшучунна муьлххачу а хенахь гIо-накъосталла дан кийча дара и шиъ.

Цкъа а ца дицло суна Абуций, Рабуций тхан цкъа хилла цхьаьнакхетар. ХIусамнана ялийна, со бовваьккхича, хааделира, чохь цхьацца хIума (кад-Iайг, цIахь-чохь оьшу кхиерг) цатоар. Уьш эца дагахь, гIали юккъерчу йоккхачу туькана дахара тхойшиъ. Ларамаза цигахь хилира тхан Абуца а, Рабуца а цхьаьнакхетар. Оха дийцира тхаьш туькана дахкаран бахьана. Цул тIаьхьа тхо дIасакъаьстира. Амма дукха хан ялале юха а тхойшинна тIе а деана, тхоьга яй схьакховдийра цара. «Шу цхьаьнакхетарца доьзна хIара тхан совгIат ду шуна. Уггаре а хьалха шуна яй оьшийла хаьа тхуна. Дала барт цхьаъ бойла шун!», – элира Абус.

ХIетахь, иза тхуна доккха совгIат дара. Хила а хиллера доьзалехь уггаре а хьалха оьшуш берг яй.

Хаза, оьзда дехира и шиъ. Шаьшиъ санна оьзда доьзал а кхиийра Абус а, Рабус а. И шиъ могаш доцчу хенахь кест-кеста царна тIевоьдуш вара со. Царна чIогIа хаза а хетара со шаьш долчу веача. Со цаьрга ваханчу хенахь гуттар а царна юххехь хуьлура церан кIентий а, йоI а. Тоххара шайн да-нана дийна долуш ас а, тхан кхиболчу накъосташа а цаьрца лелийна гергарло ца хадош, марха достуш муххале а, кхечу деношкахь а кест-кеста тхоьга богIу уьш. Иза дика гIиллакх а, йоккха оьздангалла а ю.

Абу вина 1922-чу шеран 10-чу июлехь Грозненски районерчу ЧIаьнти-Юьртахь, кхелхина 2006-чу шеран 28-чу февралехь. Рабу йина 1922-чу шеран 1-чу майхь, кхелхина 1998-чу шеран 12-чу ноябрехь оццу юьртахь. ЧIаьнти-Юьртарчу кешнашкахь юх-юххехь дIадоьллина ду и шиъ.

ПIерасканан деношкахь шайн ден, ненан кешнашна тIебоьлху церан доьзалш, ларамца хьахабо уьш шайн доьзалшкахь.

Дала декъалдойла и оьзда ши стаг – Абу, Рабу! Оха а – церан хиллачу накъосташа – сий дарца, ларамца гуттар а дагахь латтор ду и шиъ.

 

С.МАГОМАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: