Нохчийн филологин кафедрин тахане

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан хьалхарчу корпусна чоьхьа ма-велли, дерриге а гIат дIалаьцна ю нохчийн филологин кафедра. Цуьнан заведующи филологин Iилманийн доктор, профессор Навразова Хьава ю. Нохчийн мотт а, литература а Iаморан хьелаш, таронаш мел ю хаа лиъна, тхо цхьаьнакхийтира профессорца.Фото (3)

– Хьава, нохчийн филологин кафедрехь хIун хьал ду тахана? Нохчийн матте шовкъ-марзо йолу студенташ  билгалбевллий шуна? ХIара кафедра хьехархой кхиийна а ца Iаш, цIеяххана бевза патриоташ, поэташ, яздархой кхиош йолу пхьалгIа хилла лаьтташ а ма яй.

– Тхо болх беш ду. Тхаьш дийриг дукха а дезаш, хIора кIант, йоI нохчийн гIиллакхца кхио, кхето гIерташ. Тахана вай долчохь очни доьшуш 150 студент ву, 300 студент заочни доьшуш а ву. Кафедрехь 12 хьехархо ву. Царна юкъахь 2 профессор а волуш. Нохчийн халкъ дуьнен чохь мел деха оьшуш ю нохчийн филологин кафедра. ХIунда аьлча, нохчийн йоза, нохчийн  меттан хьехархой даима а оьшуш бу. Дукха гIуллакхаш ду оха дIадолийна. Студентийн хаарш дика хилийтарна тIера, церан дог-ойла  патриотизмах, нохчаллех дIаюза Iалашо йолуш деш а ду и гIуллакхаш. Кху заманан технологеша дикачу а, вуочу а агIор тIеIаткъамаш бо вайн кегийрхойн синкхетамна. Вай ойла ян а еза, сема хила а деза, къоначарна шайн къоман мотт, культура оьшуш хилийтарна тIехь. Тахана массо а экономист, юрист хила гIертарх ца тоьа, нохчийн маттаца, йозанца болх бан, шайн къинхьегаман некъ нохчийн къоман маттаца боьзна хиларе сатесна болу кегийрхой  лаха а, кхио а беза вай.

Цундела тхайна студенташ оха школехь дуьйна лохуш бу. Цунна лерина гIуллакхаш деш а ду, церан дика жамIаш а ду. Масала, Соьлжа-ГIалин №42 йолчу школехь нохчийн меттан а, литературин а кафедра схьайоьллуш ду тхо. Вайн университетехь районийн дешаран урхаллашкара методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхой а, школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой схьагулбой семинараш йо. №42 йолчу школехь  дIахьур ю  Нохчийн меттан денна лерина конференци.

Цигахь тхайн кафедрех лаьцна дуьйцуш йолу, папканаш, брошюраш кечйийр ю. ХIинцале пхеа-ялх районан школийн лакхарчу классийн дешархошца проф-ориентационни белхаш бина оха. Тхаьш школе кхаьчча тхуна девза, го  цигара хьал. Масала, хIинца школехь йолчу нохчийн меттан учебникашна резабоцурш  дукха нисло. Иза, дукха хьолахь, нийса беш леткъамаш хилар а гучудолу тхуна. Хьалха хилла учебникаш шайн чулацамца ширъелла. Мотт а, методика а кхуьуш схьайогIуш ю. Цундела керла учебникаш, керла методика  зорбане яккхар дика ду, оьшуш ду. Тхан кафедрехь болх беш ву вевзаш волу профессор Овхадов Муса. Цо 7-чу классашна лерина нохчийн меттан учебник вовшахтоьхна. Иштта, филологин Iилманийн кандидат Джамбеков ШаIрани а ву литературин учебникана тIехь болх беш.

Школашкахь тхаьш ечу семинарашкахь оха, «горга стол», мастер-класс йо «Муха хила еза тахана нохчийн меттан а, литературин а урокаш?» аьллачу темина. Цига оха республикин «Тоьлла хьехархо», «Шеран хьехархо» конкурсашкахь хьалхара меттигаш яьхна хьехархошка а йолуьйту мастер-классаш. Тхан студенташа шарахь шозза дешаран-педагогикин практика йо школашкахь.

– Нохчийн меттан денна лерина хIун деш ду шу?

– Нохчийн меттан денна лерина шарахь шозза Iилманан-практикин  конференци йо тхан университето. Школашкахь олимпиада йо дешархойн нохчийн меттан а, литературин а хаарш толлуш. Цигахь толам баьккхина дешархой тхаьш долчу деша схьабахка сатосий, йо оха и олимпиадаш.

«Нохчийн кхача» аьлла, къоман кхача кечбарехь конкурс дIахьур ю оха 20-чу апрелехь. Цигахь, хIора шарахь дакъалоцу гуманитарни факультетан  хIора групперчу студенташа. Кхача чомехь, дика кечбан хаарал сов, иза хьешашна хьалха охьабиллар, хьешашка нохчийн гIиллакхехь маршалла а хатта хаар а хир ду хьесапе оьцуш. Иштта, тхаьш долчу кафедре нохчийн яздархой кхойкхий, цаьрца кхоллараллин суьйренаш а йо оха.

– Хьава, суна дага а догIуш, нохчийн мотт Iаморехь студенташна оьшуш йолу учебникаш а, методичкаш а кIезиг хуьлура хьалха. Хийцаделлий цу агIор долу хьал?

– Бакъ боху ахь. Студенташна хьеха, пайдаэца Iилманан литература хила еза. Оха тхайн кафедрин хьехархошна юкъахь  тайп-тайпанчу дакъошка дIасабекъна Iилманан болх бина. Цу тIехь хилла  кхиамаш хIинцале гуш а бу. Керла литература зорбане а яьлла, дукхах болу Iилманчаш хIинца а жигара къахьоьгуш  бу шайн Iилманан белхаш тIехь.

Масала, филологин Iилманийн кандидата Баширова Хадижата 2012-чу шарахь зорбане яьккхина, «Диктантийн а, изложенийн а сборник». Иза 2–5-чуй курсийн студенташна лерина ю. Иштта, 2–4-чуй курсашкахь «Нохчийн мотт хьехаран методика» книга а ю цо 2014-чу шарахь зорбане яьккхина. Иза оьшуш ю нохчийн мотт а, литература а Iамочу студенташна. Тхан кафедрин хьехархоша Асхабова Лайлаа, Хазуева Барията «Деловой чеченский» цIе йолу дошам вовшахтоьхна зорбане яьккхина. «Фразеологи Iаморан методика» аьлла бу Баширова Хадижата 2010-чу шарахь зорбане баьккхина болх.

Джамбеков ШаIранис «Нохчийн бартакхолларалла» аьлла, шина декъехь лаьтта книга зорбане яьккхина, ткъа Мунаев ИсмаьIала – 7 том йолу  «Нохчийн фольклор».

Студенташна доккха гIо ду и тайпа книгаш хилар. Хьалх-хьалха, дукха хьолахь, хьехархоша язйина лекцеш ешарх тоам бан дезаш хуьлура. ХIинца студентийн таро ю цу тайпанчу  книгашца шайн хаарш тIедуза.

   – Кафедрин аудитореш техникица кхачо йолуш юй шун?

– Тхан аудитореш вуно дика ю, хIора чохь оьшуш йолу оргтехника (компьютерш, принтерш, интеръактивни у  долуш). Тхан кафедрин хьехархой, методисташ даима а кийча бу студенташна дешаран гIуллакхана мел оьшучунна тIехь гIо дан. Иза оцу студенташна шайна а гуш ду.

– Шун кафедрехь болх беш саца хьакъ болу студенташ гой хьуна?

– Нохчийн мотт, школехь шаьш доьшучу хенахь дуьйна, дукхабезнарш хуьлу студенташна юкъахь  хьуьнаршца къаьсташ. Нохчийн гIиллакх, Iадат дукхадезаро кхуллу церан нохчийн матте, литературе безам. Зудаберашна юкъахь шайн ийманца, дешарца тхуна билгалъяьлла 2-чу курсан студентка Бексултанова Макка а, оццу 2-чу курсан студент Макалов Джовхар а.

Тхан университет чекхъяьккхинчарна  юкъахь вайн республикехь гIарабевлла бевза хьехархой бу: Килабова Марет, Абдулвахидова Лиза, Дашаева Шовда, Дашаева Лайлаъ. Оха дозалла до царах.

 – Хьава, баркалла, хан карийна, тхоьца цхьаьнакхетарна! Дала аьтто бойла шун! Дела реза хуьлда!

– Дела реза массарна а хуьлда вайна. Тхайн нохчийн филологин кафедрин цIарах, ас даггара декъалбо «Даймохк» газетан белхахой, тIедогIучу Нохчийн меттан денца! Вешан мехкан а, меттан а сий деш даха Дала ийман лойла вайна!

Интервью дIаяьхьнарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: