Ерригроссин «Баьццара бIаьсте – 2016» экологин белхи

Правительствона юкъайогIуш йоцчу В.Вернадскийн цIарахчу экологин фондо хIорашера юкъараллин-мехалла Ерригроссин «Баьццара бIаьсте» экологин белхин акци 2016-чу шеран 16-чу апрелехь дIайолаелла, 21-гIа май кхаччалц дIахьуриг хиларан хьокъехь хаам бо (хIокху шарахь кхозлагIа дIахьош ю проект). Проектан партнераш бу: Регионашна юкъара «Гринлайф» организаци, Ерригроссин «Единая Россия» политически парти, «Газпром» ПАО и.дI.кх.ц1ена мохк

И проект дIаяхьар ламасте дерзар Iаламат мехала хета россихошна, хIунда аьлча экологин культура яржайо оцу тайпанчу гIуллакхаша.

Проектана юкъадогIу хIара гIуллакхаш: Россерчу гIалийн урамашкара яккхий а, кегий а нехаш схьалехьор; синтарш, зезагаш дIадогIар; макулатура гулъяр; Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна гIодар; дешаран учрежденешкахь экологин урокаш хьехар, кхидерг.

Нохчийн Республика 2014-чу шарахь дуьйна жигара дакъалоцуш ю цу экологически акцехь. Цул сов, хIокху шеран март бутт болабелчахьана а, вайн республика цIанъян арабевлла эзарнаш бахархой а, иштта тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн белхахой а, юккъерчу а, лаккхарчу а  дешаран учрежденийн студенташ а бу: нехаш схьалехьош, дитташна кир тухуш, якъаелла бецаш дIайохуш, газан биргIанашна басар хьокхуш белхаш   дIахьош бу.

Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахара Iалам лардаран а министерствос Ерригроссин «Баьццара бIаьсте» экологин белхи проектехь дакъалаца кхойкху юкъараллин организацеш, долара предприятеш, компанеш, юккъера а, лаккхара а дешаран заведенеш.

Хь.БАХТАЕВА

 

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: