Турс а, Пелаг а

Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос хаам бо «Турс а, Пелаг а» кхоллараллин конкурс дIайолаелла хиларан хьокъехь. Конкурсехь дакъалаца кхойкхуш бу Мехкан субъектийн а, ведомствийн а шуьйрачу хаамийн гIирсийн а журналисташ, Россин Федерацин юкъараллин цхьаьнакхетарийн а, бакъонаш ларъяран органийн а векалш, иштта кхиберш. Конкурс дIаяхьаран коьрта Iалашо – Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон болх бахархошна бовзийтар а, полицин белхахочун бакъахьара васт кхоллар а, чоьхьарчу гIуллакхийн органех лаьцна язйинчу материалех тоьлларг а, Россин Федерацин МВД-н системин тоьлла йолу пресс-служба къастор а.

Кхоллараллин белхаша чоьхьарчу гIуллакхийн органаша беш болу болх бовзийта безаш бу. Цул сов, конкурсан жюрис идейн ша-тайпаналла а, тема кхоччуш билгалъяккхар а, съемкаш яр а, цунна монтаж яр а, аз дар а (телевизионни материалашна), сурт даккхаран кеп а (суьрташна), статья язъяран кеп а (зорбанан материалашна а, радиопрограммашна а) тидаме оьцур ю.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю дIадаханчу шеран 1-чу июнера дуьйна, карарчу шеран 1-чу июне кхаччалц шуьйрачу хаамийн гIирсийн агIонашкахь зорбатоьхначу (эфире евллачу) материалийн авторшийн.

Конкурсехь дакъалацаран дехарш схьаэцар карарчу шеран 1-ра июнехь сацор ду.

Конкурсехь дакъалаца луучу республикин муьлххачу а вахархочун таро ю Россин Федерацин МВД-н Соьлжа-ГIалин суворовски тIеман училищен  юкъараллица зIенаш латторан говзанчица Э.Шаиповца зIене вала. Тел.: 8(8712)33-32-40 (9:00 тIера 17:00 даллалц).

Конкурсан дакъош:

«Тешаме полици» – полицин белхахоша хIора дийнахь бечу балхах лаьцна а, Россин Федерацин бахархойн зуламашка цабезам кхолларан а материалаш.

«Сий. Декхар. Майралла» – Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, Россин Федерацин Къоман гвардин а белхахойх лаьцна материалаш.

«Бахархойн позици» – Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, Россин Федерацин Къоман гвардин а белхан кхачамбацарш гучудахаран а, уьш дIадахаран некъ къасторан а материалаш.

«Цхьаьна хийцало» – зуламаш юхатохарехь бахархойн дIадолорх а, акцех а лаьцна дуьйцуш йолу материалаш.

«Шеран PR-проект» – Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн а, Россин Федерацин Къоман гвардин а белхахошка болу бахархойн тешам лакхабаккхарна лерина йолу PR-акцеш а, материалаш а.

«ДоттагIалла» – Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон СНГ-на юкъайогIучу пачхьалкхийн чоьхьарчу гIуллакхийн министерствошца йолчу юкъаметтигех лаьцна материлаш.

«Полицех лаьцна тоьлашха йолу интернет-проект» – Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствех а, Россин Федерацин Къоман гвардех а лаьцна керланаш довзуьйтуш йолу интернет-проекташ.

И.ИСЛАМОВ

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: