Бахархойн аьрзнашца доьзна – МЧС-н дIахьедар

Мобильни сеташкахула 3 терахьах лаьттачу номершца оперативни службаш кхайкхар атта ца нисло бохуш, бахархошкара аьрзнаш эха дуьйладелла Россин Федерацин граждански оборонин, чрезвычайни хьелийн а, Iаламан бохамийн тIаьхьенаш дIаяхаран а министерстве. Иштта хаам бина цу министерствон статс-секретара В.Артамоновс.

Цо билгалдаккхарехь, 2006-чу шеран 17-чу декабрехь Россин хаамийн а, зIенан а министерствон №142 йолчу омрица а (2013-чу шеран 20-чу декабрехь бина хийцамаш а бу тидаме эцна), Россин нумерацин планан системица  нийса а догIуш, Россин Федерацехь оперативни службаш кхайкхаран дуьхьа лелош «112» номер ю. Цул сов, ханна болх беш ю хIора а оперативни службана лерина номерш а: «101» – цIеран гIароллин служба; «102» – полицин служба; «103» – лоьрийн гIоьналлин служба; «104» – газан сетийн аварийни служба.

Цундела Россин Федерацин цхьана а субъектехь оперативни службаш кхайкхаран номерш кхечу тайпа хилар мегаш дац.

Ала догIу, фиксированни сеташкахь 2 терахьах лаьтташ йолу «01», «02», «03», «04» номерш а болх беш хилар.

Цуьнца доьзна В.Артамоновс дехар дина Россин Федерацин хIора а субъектехь (меттигерчу Россин МЧС-н коьртачу Урхаллица бертахь) оперативни службаш кхайкхаран номерш лакхахь билгалдаьккхинчу омрица йогIуш хилар таллар а, бахархошна цу хьокъехь хаам бар а.

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: