Хаамийн «ЖКХ-на урхалла дар» порталан вовшахтохараллин комитето дIадаханчу кIиранах дукха петарш йолчу цIеношна урхалла дечу организацийн куьйгалхошна лерина маьхза онлайн-семинар дIаяьхьира.
Цигахь дийцира хIусамашна тайп-тайпанчу хьелашца кхачоярна мах дIабаларан бакъенех а, хIусамийн юкъара хьашташ кхочушдарх а, нехаш дIакхийсарх а луш долу ахча билгалдаккхарехь хиллачу хийцамех а лаьцна. Иштта, семинарехь дакъалоцучарна дукха петарш йолчу цIеношна урхалла дар предпринимательствон кеп санна а довзийтира.
Цул сов, дукха петарш йолчу цIеношна урхалла даран проблемаш дIаяхарна лерина гIуллакхаш Россин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствоца цхьаьна кхочушдарх лаьцна а дийцира онлайн-семинарехь.
Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствон ЖКХ-на реформировани яран а, нормативни кхачояран а отделан куьйгалхочо Мушкаев Руслана билгал ма-даккхара, семинаран коьрта Iалашо яра Россин регионашна хаамбар (информатизаци). «ГIарабевллачу говзанчашка ладогIа а, карарчу хенахь уггаре а мехала а, лазаме а долу гIуллакхаш дийцаре дан а таро хилира онлайн-цхьаьнакхетаран дакъалацархойн», – элира Р.Мушкаевс.
А.ВАХАЕВА
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо