Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитела Козак Дмитрийс 2016-чу шеран 1-чу мартехь дIаяьхьначу Ерригроссин селекторни кхеташонехь динчу тIедилларца нийса а догIуш, кху шеран 1-ра апрель кхачале, ширачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран регионан программаш 2016-чу шарахь кхочушъярна лерина ахчанца гIо-накъосталла дайтаран Iалашонца, ЖКХ-на реформа ярехь гIо-накъосталла даран фонде кехаташ (заявкаш) чудала декхарийлахь яра Россин Федерацин ерриге а субъекташ.
И тIедиллар кхочушдаран Iалашонца Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос (297,457 миллион соьман барамехь фондо гIо-накъосталла дийр долуш) билгалъяьккхинчу хенахь кехаташ кеч а дина, цунна мел оьшу хьелаш (2007-чу шеран 21-чу июлехьлерчу №185 йолчу федеральни законца нийса а догIуш) а кхоьллина. ЖКХ-на реформа ярехь гIо-накъосталла даран фонде чуделла и кехаташ, рогIерчу кхеташонехь тидаме а эцна, дийцаре дийр долуш ду.
Дагадоуьйту, оцу кехатийн (заявкин) декъехь, Соьлжа-ГIаларчу дукха петарш йолчу ширачу 27 цIа чуьра (цIенойн юкъара барам – 13 019,6 кв.м.) бахархой дIакхалхор бу. Лаккхара энергоэвсаралла йолчу, керлачу цIенош чохь хIусамаш лун ерг Соьлжа-ГIалара 1 148 вахархо ву.
А.БАТЫЖЕВА
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо