Россин Федерацин Правительствон телерадиовещани кхиоран комиссис дуьххьара дийца даьккхича (2010 шо) телевиденин терахьийн кхозлагIа мультиплекс «региональни» хир ю аьлла хетара: цхьаъ HD телеканал а, ВГТРК-н (Ерригроссин пачхьалкхан телерадиокомпани) цхьа телеканал а, кхийолу 8 телеканал субъектан (меттигера) а хир йолуш.
Амма «СПЕКТР-2013» олучу конференцехь телевиденин терахьийн кхозлагIчу мультиплексех лаьцна кхин хаам бина. Цу конференцехь бинчу хаамца нийса а догIуш, телевиденин кхозлагIа мультиплекс, хьалхарниг а, шолгIаниг а санна, «федеральни» ян сацам хилла. Цу юкъахь 10 телеканал хир ю (SD форматехь): 7 федеральни телеканал, 2 субъектан (меттигера), 1 ВГТРК-н меттигера телеканал а. Терахьийн кхозлагIчу мультиплексана юкъа HD форматан телеканалаш яхар а къобал ца дина.
Нохчийн Республикин Радиотелецентро (Россин телевизионни а, радиовещательни а сетан Нохчийн Республикехула йолу филиал) билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикехь телевиденин кхозлагIчу муьлтиплексана юкъахь хир йолу 2 телеканал хIинцале билгалъяьлла: ВГТРК-н республикехула йолу филиал – пачхьалкхан «Вайнах» телерадиокомпани а, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпани а. Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу «Некъ» телерадиокомпани а яха мегаш ю цу мультиплексана юкъа.
Кхин а «тIеоьшуш» йолу федеральни 7 телеканал Россин Федерацин Правительтствон телерадиовещани кхиоран комиссис хоржур ю.
Терахьийн кхозлагIчу мультиплексана юкъаяха лууш йолу федеральни телеканалаш дийнахь-буьйсанна а вещани йолуш, цуьнан концепци а йолуш хила езаш ю. Цул сов, телеканал долахь йолчу компанин финансаш ца тоьаш хила йиш йолуш яц. Иштта телеканалан болх беш аналогови вещани а, шен чоьтах кечйина я эцна программаш а хила еза.
Йийцаре ечу мультиплексана юкъаяха езаш йолчу субъектан (меттигерчу) телеканалан сетевой накъост йолуш санна, цу юкъа ца яхана йолу федеральни а, региональни а телеканалаш харжа а йиш ю.
Шен филиал йоцчу субъектехь ВГТРК-н таро хир ю субъектан (меттигера) кхин телеканал харжа. Ша хаьржинчу телеканалана Iуналла дан декхарийлахь а хир ю иза.
Кхузахь ала догIу, ВГТРК-н хIора а субъектехь йолу телеканалаш (меттигера филиалаш) брендаца а, хаамийн политикица а цхьаьна йогIуш хир ю ВГТРК-ца. Масала, Нохчийн Республикехь иза иштта хир ду: Россия/Вайнах, /Россия К/Вайнах, Россия 24/Вайнах, Россия 2/Вайнах, иштта дIа кхин а.
Телевиденин терахьийн кхозлагIа мультиплекс болх бан йолаелча, ВГТРК-н Нохчийн Республикехула йолчу филиалан (ГТРК «Вайнах») цIе хийца а, ца хийца а мегаш ду.
И.ЧЕЧАНХО
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо