Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствехь
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Iилманийн академин гуманитарни талламийн институтан этнографин а, этнопедагогикин а, нохчийн энциклопедин а отделан куьйгалхочо, Юкъараллин советан председатела Л.Гарсаевс, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан стратегически кхиорехула а, инновацийн гIуллакхашкахула а волчу проректора С-I.Муртазаевс, Нохчийн пачхьалкхан университетан ВУЗ-н чоьхьарчу тергонан урхалла даран куьйгалхочо Р.Майрсултановс, оццу университетан Статистика а, экономикехь хаамийн системаш а кафедрин куьйгалхочо Р.Ильясовс, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан историн кафедрин доцента З.Гелаевас.
Кхеташонехь дийцаре дира дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт ярехь кхочушдеш долу гIуллакхаш а, ЖКХ-н министерствехь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран болх а.
Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министран хьалхарчу заместитела А.Сакказовс Нохчийн Республикехь дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран программин гIуллакхаш кхочушдарх лаьцна доклад йира.
«Нохчийчохь мел долу дукха петарш йолу цIенош, (дохо дезаш долу) шира цIенош доцурш, капитальни ремонт яран регионан программина юкъадахийтина ду. 2015-чу шарахь билгалбаьккхина бу Нохчийн Республикехь дукха петарш йолчу цIеношна капитальни ремонт ярна оцу цIенош чохь хIусамаш йолчу долахоша дала дезачу ахчанан лаххара барам. Иза цхьана баттахь квадратан метрах 6,72 сом ду», – билгалдаьккхира Сакказов Алимус.
И барам 2016-чу шарахь а ца хийцабелла. Кху шарахь капитальни ремонт ярна хIусамийн долахошкара (дерриге а) 200 миллион соьман барамехь ахча схьагулдан лерина. Оцу ахчанах 2016-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь, Аргунехь, Шелан, Гуьмсан, Курчалойн районашкахь, юкъара барам 197 эзар кв.м. болу 57 цIа тодийр ду.
Капитальни ремонт яран программа кхочушъеш мел ю (цуьнан хан чекхъяллалц) дукха петарш йолу 1800 сов цIа тодан лерина. Цу тIе, 30 шарахь хIора а цIенна кхо-кхузза капитальни ремонт йийр ю. Регионан оператора еш йолу ремонт дика а, шен хеннахь еш а хила еза. ХIусамийн кодексана юкъабало леринчу хийцамашна юкъахь ду капитальни ремонт яран белхаш тIеоьцуш йолу леррина комисси кхоллар. Иштта, юкъадаьккхина регионан оператора ша йинчу ремонтах бахархошна пхеа шарна чIагIо ялар (гаранти).
ХIусаман юкъарчу бахамна капитальни ремонт ярна йолу рагI, Нохчийн Республикин Правительствон сацамца тIечIагIдинчу Нохчийчохь дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран рагI билгалъяккхаран къепенца догIуш, къастийна ю. Оцу къепено дукха петарш йолу цIенош, шира я доха герга дахана хиларе а, хIусамийн долахоша ремонтана лерина ахчанаш схьадаларе а хьаьжжина, капитальни ремонт яран регионан программи юкъадалоран рагI дIасататта таро хуьлуьйту.
А.Сакказовс дийцарехь, вайн республикехь дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт ярехула долу гIуллакхаш кхочушдарна тIехь терго латтайо Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министра.
Министерствехь коррупцина дуьхьал дIахьош болчу балхах лаьцна дийцира ведомствон коьртачу говзанчас-эксперта М.Махмаевас.
Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран совет ю министерствехь болх беш. Шайн болх цIена хилийтаран а, иза юкъараллин тергонехь латторан а Iалашонца Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон официальни сайта тIехь, коррупцина дуьхьал шаьш бечу балхах лаьцна хаамаш язбо ведомствос; коррупцина дуьхьал йозуш йоцу бакъонан экспертиза яйтаран Iалашонца, министерствос тIеоьцуш йолчу нормативни-бакъонийн актийн проекташ а сайта тIе йоху; болх беш ю «тешаме телефон». Коррупцин декъехь бакъонаш талхор министерствехь гучудаьлла дац.
Юкъараллин советан декъашхошна шаьш хIиттийначу хаттаршна кхоччуш (министерствон говзанчийн корматаллин тоьшалла деш) жоьпаш карийра. ЦIеношна капитальни ремонт ярехула а, коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран а гIуллакхашкахула болу болх министерствехь хьакъ доллучу тIегIанехь дIахьош хилар а тIечIагIдира советан говзанчаша.
А.СУЛИМАНОВА
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо