Бераша шайн хьуьнарш гайтира

20140305_125018

Исбаьхьаллин литература  ешаран «Поэзин ноташ» студин презентаци д1аяьхьира кху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу берийн республикански библиотекехь. Соьлжа-ГIалин А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназин а, №20 йолчу школин а лакхарчу классашкара дешархой бара цигахь дакъалоцуш. Дешархоша бIаьстенах а, ненах а, безамах а лаьцна байташ йийшира. Бераша, к1ентийн, йо1арийн тобанашка декъа а делла, байт дика хьан йоьшу, говза йиш хьан локху, иштта кхин говзаллашкахь хьуьнарш сов хьенан ду къовсуш, д1адаьхьира и г1уллакх. Цкъа дуьххьара х1ора а кIанта нанна лерина хаза байташ йийшира. Дешархоша Джабраилова Зулайс, Джабраилова Эмилияс, Юсупова Элитас «Детектор лжи» цIе йолу сценка гайтира. Вокалан а, ингалс мотт хааран а говзаллаш гойтуш  йиш лекхира Топаева Мадинас.

Цул тIаьхьа кIенташна а, йоIаршна а юкъахь къайлаха кхажтасар дIадаьхьира. КIентийн тобан юкъара шайна тоьлла хетарг билгалваьккхира йоIарша – №20 йолчу школин 7-г1а «в» классан дешархо Хурцаев Дени вара иза. Ткъа йоIаршна юкъахь туьйлира №1 йолчу гимназин 7-г1а «а» классан дешархо Паршаева Бэлла. Толамхошна а, къовсамехь дакъа мел лаьцначарна а совгIаташ деш дирзира цхьаьнакхетар.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт         

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: