Хьаннаш цIеяларх ларъе

Вайн массеран а юкъара хазна ю хьаннаш. Церан исбаьхьаллех даккхийдеш лела вай. Хьаннаш цхьабосса хаза ю Iай а, бIаьста а, аьхка а, гурахь а. И хазалла ларъяр, вайн тIаьхьенашна йитар вайна тIехь ду. Iаьнан шелонаш дIа а евлла, ло дешна даьллачул тIаьхьа дуьйна хьаннаш ларъян еза цIе яларх. Вай цхьа кIеззиг а тидам боцуш хилахь якъаеллачу бецех цIе лата тарло. Цунна кIеззиг бахьана а тоьар ду: дIа ца йойъуш цигаьркан юьхьиг, сирник лаьтта кхоссар, садоIучу хенахь латийна хилла цIе, тIе хи ца тухуш, латта ца хьокхуш йитар, и.дI.кх. Якъаелла бецаш, дечигаш сийначу цIарах хьала лата кIеззиг бахьана тоьа. Цундела хьаннашкахь белхаш дIахьочу хенахь чIогIа ларлуш а, сема а хила деза. ХIунда аьлча цIеяларан тIаьхье вуно Iовжаме хила тарло. Хьаннех яьлла цIе аренашка кхочу, цIенойх хьаьрча, олхазарш, дийнаташ, сагалматаш хIаллакьхуьлу.

Оцо доккха зен до халкъан бахамна, Iаламна. Къаьсттина лазаме хуьлу олхазарш, дийнаташ, мехала дитташ хIаллакьхилар. Цундела, ишттаниг вайн республикехь ца хилийта вай дерриге а дийнахь а, буса а терго еш, Iуналла деш хила деза вайн хьаннийн.

Хьаннашна юххехь долчу юьртан бахаман латтанашна тIехь белхаш дIахьочу хенахь цIерш ма летае, екъа буц ма ягае. Дагахь латтаде цIе шен хеннахь дIа ца яйъича цуьнан тIаьхье дийнна халкъана а бохаме хила тарлуш хилар.

Цул сов, хьаннашкахь цIе яларна бехке волчуьнгара, вайн законашца нийса а догIуш, луьрра, амма хьакъ доллу жоп доьху, бехкечо дина зен метта а хIоттадойту. Цундела оха вайн берриге а бахархошка кхайкхам бо: ларъе вайн къоман мах боцу хазна – хьаннаш!

Нагахь санна цIе яьлла меттиг хаалахь, сихонца хаам бе телефонан хIокху номершца:

– «Грозненски лесничество» ГКУ. Тел.: 8 (8712) 22-33-39;

– Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолу коьрта урхалла – 011;

– «Хьаннашкара цIерш яйъаран Нохчийн туш» Тел.: 8 (928) 890-30-44;

Х.САЙДУЛАЕВ,

«Грозненски лесничество» ГКУ-н куьйгалхо

 

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: