СагIа даьккхира деш долчу маьждигехь

Дуьнен чохь а уггаре а даккхийчарех цхьаъ ду Шелахь деш долу Кадыров Рамзанан цIарах маьждиг. 20 эзар сов бусалба нехан цхьаьна чу а бахана ламазаш дан таро хир йолуш ду иза. Регионан Куьйгалхочун гIишлошъярехула волчу гIоьнчас Эдильгириев  Амруддис дийцарехь, хIора дийнахь 200 сов белхахо ву цигахь жигара къахьоьгуш,  церан барам кхин а алсамбаккха дагахь  бу уьш. Битон йоьттина бевлла белхалой. Маьждига  шен сибат  схьаэцна. ГIишлошъярехь оьшуш болу гIирсаш Германера а, иштта Россин тайп-тайпанчу регионашкара а схьабоуьйтуш  бу. Шелара бахархой сатесна бу вайн Кадыров Рамзанан цIарах долу маьждиг схьаделларе. Оцу маьждигехь мовлид а доьшуш, зуькарш а деш сагIадаккхар дIадаьхьира кху деношкахь. Цигахь дакъалоцуш вара Къилбаседа Кавказан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа, республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам, Шелан районан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела, къеда Неттиев Хож-Ахьмад-Хьаьжа, районера дуккха а бахархой, кхиберш. Маьждигах доккха беркат хилийтар, и дарехь аьттонаш совбахар Деле доьхуш, вайна хIара маршо яларна Далла хастам а беш вовшахтоьхна дара и дика гIуллакх.IMG_1452

Шен къамелехь Х-А.Кадыровс билгалдаьккхира, хIара тайпана хаза маьждиг дар Нохчийн къомана Делера доккха беркат хилар.

– Iеламнехан чулацамечу хьехамашка ша дукха ладегIна хиларе терра, регионан Куьйгалхочо къаьсттина тидам тIебохуьйту маьждигаш дарна. Кхузарчу бахархойн лаамца дина хIара маьждиг вайн Кадыров Рамзанан цIарах, – элира цо.

Цул тIаьхьа жамIатехь ламазаш а дина, сагIанах кхийтира гулбелларш.

И.МАТАГОВ

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: