ХIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх ял ялар тоделла

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу  Кадыров Рамзана ЖКХ-на карарчу ханна тIедогIуш долу ахча а, декхарш а схьагулдаран штабан балхан жамIаш дийцаре лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам а, иштта цхьайолчу министерствийн а, гIалийн а, районийн а, куьйгалхой а.123

«ЖКХ-на догIуш долу ахча схьагулдарца йоьзна ю бахархойн хIусамийн-бахамийн хьашташ кхочушдаран дикалла. Цундела вай кхин а лаккхарчу тIегIане даккха деза и гIуллакх. Нагахь санна и болх вай ца бахь, вайн коммунальни сеташ хийца таро хир яц. Ткъа и сеташ хийца еза хан тIекхаьчна», – элира Р.Кадыровс.

Штабан куьйгалхочо, республикин промышленностан а, энергетикин а министра Таймасханов ГIаласа хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча схьагулдар тодаран декъехь бинчу балхах лаьцна дийцира.

«2015-чу шарца вайн таханлера хьал дуьстича, гучудолу, электроэнергех вай пайдаоьцучаьргара 200 миллион сом алсам ахча эца дуьйладелла хилар. Иштта, кхиаме хьал ду газаца а. 300 миллион сом сов ахча гулдо вай хIинца оцу хьаштех пайдаоьцучаьргара. Иза дерриге а доьзна ду вай бохург тидаме а эцна, бахархоша счетчикаш хIитторца», – элира цо.

Цул сов, Таймасханов ГIаласа билгалдаккхарехь, хIинца а 45 сов эзар абонент ву республикехь счетчикаш йоцуш. Цу абоненташна вайн республикехь еш йолу электронни табло йолу счетчикаш хIиттор ю.

Иштта, ГI.Таймасхановна хетарехь, республикин коммунальни сеташ ширъелла хилар а ду лазаме гIуллакх.

«Вайн коммунальни сеташ ширъелла хиларца доьзна, электроэнерги а, газ а эрна яр лакхарчу тIегIанехь ду вайн. Амма уьш хийца вайн таро цахилар бахьана долуш, республикин бюджетана а, бахархошна а эшам хуьлуш, лелош ю уьш», – элира ГI.Таймасхановс.

Р.Кадыровс билгалдаккхарехь, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдаран ахча а, декхарш а схьагуладаран Iалашонца кхоьллинчу штабо беш болу болх гуш бу.

«Бахархойн хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдар доьзна ду цара  ахча схьадаларца. ХIоранна а хаа дезаш ду иза. Вай бахархошна цу декъехь гIо дан а гIерта. Цунна лерина республикин бюджето хIора шарахь 11 миллиард сом хьажадо. Амма хIусамийн-коммунальни хьашташ маьхза кхочушдойла дац вайн. Цхьана пачхьалкхехь а дац иза», – олуш, дерзийра шен къамел республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь гулбеллачарна бовзийтира «Чеченрегионгазан» а, «Чеченэнергон» а керла куьйгалхой. И шиъ ву Цакаев Руслан а, Докуев Русланбек а. Кадыров Рамзана ша тешна ву элира, керлачу куьйгалхоша шайх тешийначу организацийн болх кхин а лаккхарчу тIегIане боккхург хиларх а, абонентийн службин болх цхьана хорша берзорг хиларх а.

 

И.ХАСАХАНОВ

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: