Индерчу цхьана килсехь даздарш дIахьочу хенахь цIе а яьлла 100 сов стаг велла, 380 сов стаг лазийна. ЦIе яьлла питардаш кхийсар бахьана долуш.
***
Россин Президента В.Путина кадам бина Индин куьйгалле а, халкъе а, цIе яьллачохь кхелхинчеран а, багийначеран а гергарчаьрга а.
***
Герггарчу деношкахь Шемин Iедалан эскарша а Россин тIеман космически ницкъаша а дIадолор ду Алеппо шахьар «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех цIанъяр.
***
Таханлерчу денна Шемин Iедалан эскарша а, курдийн тIемалойн тобанаша а «Иблисан пачхьалкхан» террористех паргIатъяьккхина 500 гергга юрт а, гIала а.
***
Парижехь юха а демонстрацеш дIаяьхьира профсоюзаша а, кегийрхойн организацеша а. Цара дIахьедира шаьш парламентехь тIеэцначу къинхьегаман керлачу законашна реза цахилар.
***
Лондонан урамашкахь дIахьочу митингашкахь дакъалецира эзарнаша ингалсхоша. Церан беккъа цхьа лехам бара паччахье: мехкан премьер-министр Д.Кэмерон отставке вахийтар.
***
Швецехь бевзаш боцчу наха цIе тесна ягийна Iаьрбийн мотт хьоьхуш йолу хьуьжар. Полици башха сагатдеш а яц куьг бехкениг лахарна.
***
Дохехь дIахьош йолчу саммитехь 18 пачхьалкхо къобалбина мехкадаьтта даккхаран барам хIокху шеран 6-чу январехь хиллачу тIегIанехь латторан хьокъехь болу сацам.
***
Желтойчоьнан а, Македонин а дозанехь мигрантийн а, полицин белхахойн а тасадалар хилира. Цигахь лаххара а 250 стаг лазийна.
***
Филиппинехь экстремисташний Iедалан эскаршний юкъахь тIом хилира. Цигахь лаххара а 20 стаг кхелхина. Чевнаш йинарш шозза алсам бу.
***
Украинин премьер-министра А.Яценюка эххар а заявлени яздина ша отставке вахийтар доьхуш. И гIуллакх тахана къастор ду мехкан лакхарчу Радехь.
***
Цхьадика, Нагорный Карабахехь тIемаш бар совцийна. Шина а агIонан барт хилла машар ларбан а, тIамехь кхелхинарш вовшашна дIасабала а.
№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо