Некъан бохамаш лахлуш бу

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу  Кадыров Рамзана республикин МВД-н а, ГИБДД-н а структурийн подразделенийн куьйгалхошца кхеташо дIаяьхьира.kadyrov_soveshanie_zhkkh-1

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретара Усмаев Вахита, Нохчийн Республикин МВД-н УГИБДД-н хьаькама Денилханов Шамхана, кхечара.

Цхьаьнакхетарехь коьртачу декъана дийцира Республикин некъан боламан кхерамазалла латторан штабо 2016-чу шеран 1-чу чийрикехь (кварталехь) бинчу балхах лаьцна.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, республикин УГИБДД-н белхахойн вайн некъашкахь долчу хьолаца доьзна доккха жоьпалла хилар.

«Вайна йовха хан тIекхаьчна, кху хенахь некъан бохамаш алсамбовлу, хIунда аьлча, цхьаболу водительш машенаш сиха хехка буьйлало, некъан боламан бакъенаш ца ларйо. Цундела вуно ирча тIаьхьенаш хуьлу. Некъан бохамехь шайн дахарх бевлла а ца Iаш, гуонахарчу нехан а (пассажирийн, некъан боламан дакъалацархойн) дахарна, могашаллина кхерам тосу цара. Иза хилийта йиш яц вайн», – элира Р.Кадыровс.

Лакхахь билгалъяьккхинчу республикин некъан боламан кхерамазалла латторан штабан куьйгалхочун Усмаев Вахитан докладе ладуьйгIира республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчо. Цо шен докладехь билгал ма-даккхара, дIадаханчу шеран 1-чу чийрикца дуьстича, кху шарахьлера гайтамаш дикачу агIор хийцабалар гуш ду.

«Кху шеран хьалхарчу кхаа баттахь республикин некъашкахь долу хьал хаъал тоделла. ДIадаханчу шеран хьалхарчу кхаа баттахь 105 некъан бохам  хиллера, цигахь 31 стаг кхелхинера, ткъа кху шарахь 54 некъан бохам  хилла, оцу бохамашкахь 20 стаг кхелхина. Машен тIех чехка хахкар бахьанехь 13 некъан бохам хилла, дуьхьал йогIу машенаш йолчу декъа тIевалар бахьанехь – 10, гIорторех машен дIакхетта 12 меттиг ю», – дийцира В.Усмаевс.

Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдечо билгалдаьккхира, регионан некъашкара хьал тодаран болх кхин а чIагIбан безаш хилар.

«Некъан бохамийн гайтамаш лахбевллера аьлла, некъан инспекцин болх малбан мегар дац. Мелхо а, водительша а, гIашлоша а некъан боламан бакъенаш ларъярна тIехь терго латтор чIагIдан деза. Иштта, некъан бохамаш ца хилийтарна а, некъашкахь адамаш кхалхар лахдарна а лерина профилактикин гIуллакхаш дIадахьа деза. Республикин бахархошца  кхеторан белхаш дIабахьа беза, некъан бохаман проблемийн цаьрга леррина терго яйта. Оцу балхахь ГИБДД-н белхахоша а, республикин динан векалша а дакъалаца деза», – элира Кадыров Рамзана.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

№41, шинара, оханан (апрель) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: